ГIалгIайчуьра Малгобекера 4 шо долу йоI Муцольгова Самира кхелхина лейкоз цамгарх, иза хьийзийна йац – иштта жамIаш дина йоьIан докъана тIаьххьара йинчу кхелан-медицинан экспертизо. И бIостане ду кхул хьалха йинчу экспертизин хаамашца а, йоI дарбадан охьайиллинчу дарбанан хIусамера лоьран информацица а. Пятигорскера экспертийн жамIийн копи кхаьчнера "Фортанга" гIирсе. Цу тIехь охьайаздина лазийна лараш, хье чу цIий хьадар, эхье меттигехь моьнаш хилар, амма эксперташа боху, и дерриг а чIогIа лейкоз хиларна ара ца йахалуш ницкъхиларна ду. Читать дальше...
Низамехь хIоттийначу кхаа дийнахь талламхоша ца листина адвокато Соломина Татьянас шен кIант лачкъор ву бохуш, Нохчийчуьра кхерамаш тийсарх чуделла арз. Доьзалехь латтийначу гIелонах веддачу махкара вахархочунна Соломинас гIо динчул тIаьхьа хилла хIума ду и. "Гуш ду, эвсара а, шен хенна таллам бан а Iалашонца талламхочо мел а йоццачу хеначохь хеттарш дан гIурту арз динчуьнга. И цо деш дацахь, хаттар кхоллало оцу кепара таллам бан церан интерес йуй-те олий", - билгалдаьккхина "СК SOS" кризисан тобанан юристо Дроздовский Осипа. Читать дальше...