Сербин президенто Вучич Александра дIахьединчу цхьана "нохчийн, чергазийн тобанаша" лелийначунна шаьш гунахь цахиларх дIахаийтина нохчийн оппозицин юкъаралхочо Сулейманов Джамбулата а, иштта Ичкерин премьер-министро Закаев Ахьмада а.
Оппозицин 1АДАТ нохчийн боламо дIахьедар арахецна, 2020-чу шарахь кадыровхоша лачкъийна вигина хилла 1АДАТ телеграм-каналан чатан модератор Тепсуркаев Салман дийна цахилар тIечIагIдеш. Хьалхо цунах лаьцна журналисте Гордеева Катерине дийцира "Iазапашна духьал Командин" юристо Садовская Ольгас. 1АДАТА-н дIахьедарехь билгалдоккху, Тепсуркаев вийна хиларх информаци цаьрга кхочу дикка хан яра, амма боламехь "тIаьххьалц" тешна бара, иза дийна хиларх. Делахь а, Садовскаяс интервью еллачул тIаьхьа сацам хилира оппозиционерийн... Читать дальше...