Буьйранчан Абу-Кутейбан тобанан декъашхочунна валлалц чохь яккха хан тоьхна, 2000-чу шеран зазадоккху-баттахь республикан Веданан кIоштан Джани-Веданахь эскархошна а, милицихошна тIелатар дарна. Оцу тийсдаларшкахь 33 эскархо а, низам лардаран органийн белхахо а вийра, исс милицихо а, цхьа эскархо а йийсаре а лаьцна, тIаьхьо вийра. 100 сов ницкъахочунна тайп-тайпана чевнаш йира, хаамбо Lenta.ru хьостано коьртачу прокуратурана тIе а тевжаш. ТIелеттарш Абу-Кутейбан тобанера бара, эмиран Хаттабан аьтто куьйг лоруш хилла ву иза. Читать дальше...
Соьлжа-ГIалин Ленинан кIоштан кхелехь яьккхина йолу аудио кхаьчна Настоящее время гIирсане. Товбеца-беттан 5-хь яьккхина ю иза Мусаева Заремин резонансе гIуллакхехула хиллачу ладегIаршкахь. Кху шеран дечкен-баттахь Нижний Новгородера, ма-дарра аьлча, ницкъахоша лачкъа а йина, Соьлжа-ГIала дIайигина хилла йолу федералан кхелахочун хIусамнана ю иза. Вуно чIогIа могушаллица проблемаш ю цуьнан – диабетан чолхе кеп. Мангал-беттан 5-хь кхелера ладегIаршкахь Заремина вон хиллера. "Оцу муьрехь иза лаьтта охьа йоьжнера... Читать дальше...