Нохчийн республикехь товбеца-беттахь 17 стаг лачкъийна, цунах лаьцна дуьйцу 1ADAT оппозицин боламехь. Бакъоларъярхоша бахарехь, баккъала долу терахь кхин а лакхара хила мега. Цхьаболчу лечкъийначу нехан цIерш ялийна: уьш бу Мачукаев Адам, Чекиев Азамат, Амриев Исропил, Хаяури Беслан, Дадаев Ризван, Сукишев Мохьмад а. Дагадоуьйту, лаьцна волу Дадаев Ризван тIехь волу видео гучуелира хьалхо зорбанехь. Цу тIехь буьйсанна камерана тIехьа стаг хеза – хетарехь, ницкъаллин хьукматийн белхахо - цо хеттарш до Дадаевга, хьо стенна лаьцна бохуш. Читать дальше...
Республикан вахархочунна Мукаев Салманна тIехь Iазап латторна кховдийна арз регионерчу МВД-га хьажийна Нохчийчоьнан талламан комитето. Къаьсттина оцу хьукматан белхахошна духьал бинера цо и латкъам. СК SOS кризисан тобанахь хаамбира, адвокате Немов Александре талламхошкара жоп кхаьчна, дайначу шеран гIуран-баттахь кховдийна хиллачу латкъамна, аьлла. Немовс масийттаза тIедожийра материалаш таллар, амма ницкъахоша тергал ца деш дитира гIуллакх. "Цуьнан меттана, зуламхойн белхан накъостий хир бу таллам бийраш... Читать дальше...