Доллу дуьненчуьра бусулбанаш оршотан дийнахь, кху шарахь Охан-беттан 2-чохь болабелла хилла Рамадан бутт боьрзуш, Марха (Iийд ал-Фитр) досту де даздеш бу. Бусулба нах дукха болчу Оьрсийчоьнан регионашкахь Рамадан бутт боьрзу де гуттар а мукъа де хуьлу. 2022-чу шеран Стигалкъекъа-беттан 2-гIа де пачхьалкхехь ишта а дара мукъа, кIиранденца нисделла 1-ра де дIататтарна. Цуьнца доьзна Нохчийчохь а, ГIалгIайчохь а марха даста меттигерчу бахархошна кхин а цхьа де делла – Стигалкъекъа-беттан 4-гIа. ... Читать дальше...
ГIалгIайчуьрчу Сунжа кIоштан Мужече эвлахь иккхина дов дирзина ши стаг вуьйш, герз кхийсарца. Вийна ший а – 1985 -чу а, 1986-чу а шерашкара – ДалиевгIеран тайпанах ву, хаамбо "Интерфакс" агенталло, шайн хьастана тIетевжина. Полицина къастарехь, Балаев Юсупна а, цуьнан шина кIантана а, байинчу ДалиевгIарна а юкъахь дов дара латта къуьйсуш. Уьш берриш а вовшийн гергара бу. "Хьалхо бинчу хаамца, луларчу ДалиевгIра оцу лаьттан декъа тIе латта доьхкинийла хиъна Балаев Юсуп а, цуьнан кIентий а дуьхьало ян гIоьртинера... Читать дальше...