Нохчийчоьнан Шаройн кIоштан Кенхи-эвлахь ломахойн къоман маршонан боламан хьалханчан Шемал имаман цIарах маьждиг диллина. Юьртахойн доккха дакъа чамалинцех лаьтташ ду. 19-20 эзар стаг шайлахь волу этносан тоба ю иза, дукхачу хьолехь Дагестанан лам чохь беха уьш. 600 стагана лерина маьждиг схьадоьллуш хIоттийначу барамехь, "Грозный-Информ" хаамийн агенталло яздарехь, СКФО-н Iеламнехан Кхеташонан хьалханчас Кадыров Хож-Ахьмада дакъа лецира. Керла маьждиг дуттуш ахча хьажийна Кадыров Ахьмадан Фондо... Читать дальше...