Гуьржийчоьнца долу лаьттахулара доза хадош, «Верхний Ларс» олучу постехь (КПП) дехьадовлуш шайна дуьхьалонаш Iиттаяларх дIахьедо Къилбаседа Кавказан мехкийн бахархоша. Церан тоьшаллашца, Нохчийчуьра а, ГIалгIайчуьра а, Дагестанера а бахархой чу ма бита аьлла, къайлах дина омра ду пачхьалкхехь, яздо Кавказ.Реалиино. Шен цIе къайлаяьхьначу Нохчийчуьрчу вахархочо дийцира Кавказ.Реалиига, Гуьржийчу кхача дозанаш деттарх цуьнга дIахьединера, иза махкара араваьккхинчу оьрсийн дозанхоша. Гуьржийн агIоно... Читать дальше...
Стохка вийначу ХIинжа-ГIаларчу вахархочун Абдуллаев Гасанан йиша лаьцна полицино Москвахь. Динчу зуламна кадыровхой бехкебеш, ФСБ-н гIишлона хьалха пикете яьллера иза, яздо Кавказ.Реалиино. Москварчу Кутузовн проспектехь 2021-чу шеран Марсхьокху-баттахь герз тоьхна, вийнера Абдуллаев – буьйсанна ялх стаг тIелеттера цунна. Йинчу чевнех кхелхинера 28 шо долу Дагестанан вахархо оцу меттигехь. ТIелеттарш муьлш бара хIинца а билгалдаьккхина дац - «Осторожно, новости» телеграм-канало хаамбарца, 2021-чу... Читать дальше...