Дечкен-беттан 20-чохь суьйранна дуьйна Мусаева Заремин- бакъоларъярхочун, "Iазапашна дуьхьалояран Комитетан" хиллачу юристан Янгулбаев Абубакаран ненехь Мусаева Заремехь долчу хьолах а, цуьнан бакъонан статусах а хууш дац цуьнан гергарчарна. ШолгIачу кIанта Янгулбаев ИбрехIима бахарехь, Зарема зIене яьлла яц шен доьзалца, Нохчийчохь бехачаьрца а цхьаьна. Тахана, шоьтан дийнахь, Мусаевана тIекхача Iалашо ю церан адвокатан. Нохчийчоьнан омбудсмено Солтаев Мансура шен аккаунтехь йигинчуьнца дIаязйина... Читать дальше...
Оьрсийчохь COVID-19 яржарх лаьцна тIаьххьарчу дийнахь-буса дина зераш довзийтина шоьтан дийнахь пандемица къийсам латточу Оперативан штабо, аннекси йина ГIирма а юкъалоцуш. Керла ун даьллачрш бу 57 эзар сов, белларш - 681. Штамм "омикрон" къаьстина Оьрсийчоьнан 63 регионехь. Керла "дельта" вирус кхеттарш бу 52 процент, "омикрон" а, кхинйолу яккхий шттамаш а яьржина 48 процент бахархошлахь. Цхьна 24 сахьтехь Москвахь 14 094 керла пациент къаьстина, Петербургерхь 8 451, Подмосковьехь — 6 400. Читать дальше...
Бакъоларъярхочун Янгулбаев Абубакаран нана Мусаева Зарема Лахара Новгородера бертаза Нохчийчу дIайиграх лаьцна шен телеграм-каналехь яздина Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана. "Оцу доьзале хьоьжуш меттиг бу набахтехь йа лаьтта бухахь", - дIахьедина Кадыровс. Кадыровс чIагIдо, Соьлжа-ГIала дIакхачийна Мусаева Зарема "полисхочунна тIелеттера, бIаьрг баккхаза ваьлла иза" бохуш: "Цо хIинцале а шена чохь яккха хан хьехна". Оцу юкъанна лоцучу заманчохь Мусаевана йиттинера, нохчийн ницкъхоша дIаюьгучу хенахь кхетамчуьра а яьллера... Читать дальше...