Зорбан гIирсашкахь Оьрсийчоьнан президентан уллора доттагI а, "повар" а лоручу бизнесхочо Пригожин Евгенийс юха а хастийна Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан, Санкт-Петербургехь "къепе меттахIоттор" а йоьхуш. "Петербургехь дуккха а критика йо коммуналан коллапс бахьана долуш, ткъа Соьлжа-ГIалахь некъа тIера дIаяьккхина хIора ченалг. ГIалин администрацина тIеIаткъамбан шен цхьа леррина методаш ю олуш хезна суна Рамзан Ахматовичан, уьш Iаламат пайден а хуьлу. Ала дашна, дуккхаъчу гоьбевллачу юкъаралхоша... Читать дальше...
Алматахь гIаьттинчу къепенехь 11 шо долу бер дийна. Зорбан гIирсаша а, иштта КазТАГ а, "Интерфакс" агенталлаша а бина цунах лаьцна хаам, меттигерчу омбудсменна Саин Аружанна тIетевжина,яздо Азаттык Свобода Радион сервисо. Саина дийцарехь, карарчу беттан 5-чохь вийна и кIант, шен деца-ненаца урамехула воьдучу заманчохь. Саина иштта дIахьедо, Алматан дарбан цIийнехь чIогIа лазийна 15 шо долу кхиазхо а хиларх. Чевнаш йинера цуьнан дена а. Саина бахарехь, машенахь боьлхуш хиллера уьш, церан машенна тIе герзаш деттачу хенахь. Читать дальше...