COVID-19 коронавирусана дуьхьал Китайн ламастан дарбанах пайда оьцур бу Пакистанехь. Цу хьокъехь кхиамца клиникан зераш дина хиларх лаьцна хаам бина оцу мехкан могашаллин министралло
Талламан версица, Дагестанерчу номер 7 йолчу колонехь кхоьллинчу террорхойн "ДжамаIат" тобанехь дакъалаьцна ву бохуш, бехкевечу Алиев Iеласолатас дехар дина президенте Путин Владимире, шен гIуллакх контроле эца аьлла. Президентан администраци дахьийтинчу кехата тIехь (копи ю Кавказ.Реалиин редакцехь) Алиевс яздо, 2021-чу шеран Лахьан-беттан 26-чохь ялх шо1 ах шой чохь а даьккхина, маьршавала кечембеш вара ша, амма бехкевира террорхойн "ДжамаIат" тобанехь дакъалаьцна ву аьлла. Алиевс чIагIдо, терроризмана ша бехке вац бохуш. Читать дальше...
Криминалан гонашкахь "Слепой Рашид" цIарца дика вевзачу, Нохчийчуьрчу 57 шо долчу Сербиев Рашида куьйгалла ден курхалчийн тоба лаьцна Санкт-Петербургехь полицино. Организаторш боцурш а, тобана юкъахь хилла фирман номиналан директор а, цуьнан кIант а, Санкт-Петербурган а, Ленинградан кIоштан а кхо вахархо. Уьш берриш а лецна. Уьш лецна курхалла лелийначу тоьшаллашца. Талламан версица а догIуш, 2020-чу шеран бIаьста Уралерчу бизнесхочун Федоровн компанино Петербургерчу ООО "Транспорт Консалтингера"... Читать дальше...
Парижерчу кхело 10 эзар евро гIуда хьарчийна, шен националистийн хьежамашца гоьваьллачу Францин президентан дарже кандидатах Земмур Эриках, иммигрантийн берех, Нохчийчуьрчу а цхьана, цо аьлла ксенофобин дешнаш бахьана долуш. Гезгамашин-баттахь, CNews каналехь къамел дечу заманчохь Земмура хьахийнера деца-ненаца а боцуш, улло ваьлла стаг а воцуш Франци оьху бераш, яздо The Telegraph ресурсо. "Мароккера, Пакистанера, Нохчийчуьра чуоьхучу оцу нахана харж йо вай, дукха хьолахь, цаьрца зуламхой, къуй хуьлу. Читать дальше...
Нохчийчохь лечкъийна бигина хилла шен массо а герганаш маьршабаьхна аьлла, хаамбина Швецехь вехачу нохчийн оппозицин блогеро Абдурахманов Тумсос. Шен телеграм-каналехь пост хIоттийна цо цунах лаьцна, гергарнаш Нохчийчохь буьсу, цаьргарчу хьолах а, уьш мича бахьанашца дIахецна а хууш вац ша аьлла, тIе а тухуш. Кхаа дийнахь 11 шен цIийнах стаг вигарх, царех цхьаберш тIаьхьо цIабахкийтарх а хаам бира стохка ГIуран-бутт бовш Абдурахманов Тумсос. Цо дийцарехь, лецна бигинчарна "ультиматум хIоттийнера иза сацаве" аьлла... Читать дальше...
Бакъоларъярхо, журналист Эстемирова Наталья ерах долу гIуллакх юха а талла Йоккхачу палате гIуллакх дIахьажо реза ца хилла Европан адамийн бакъонашкахула йолу кхел (ЕСПЧ). И бохург ду, Эстемирова йийнарг Оьрсийчоьнан Iедалхой хилар тIечIагIдан аьтто бац аьлла, хьалха бинчу сацамна тIехь совцар. ГIуллакх кхин цкъа листа дIахьажор дехнера Натальин йишас Эстемирова Светланас, хаамбо "Новая газето". Стохка аьхка ЕСПЧ-но къобалдира, Оьрсийчоьнан Iедалхоша бехкзуламан гIуллакхан материалийн доккхадолу... Читать дальше...