ФСБ-но виъ стаг лаьцна ХIинжа-ГIалахь, терроран тохар дан кечлуш вара аьлла. Оцу хьокъехь хаийтина "Интерфаксе" урхаллин пресс-векалто. Шахьарарчу ницкъхойн цхьана хьукматна уллехь эккийтар дан а, полицин белхахошна тIелата а кечлуш бара уьш, чIагIдо хьасто, цо яржочу информацица ДАIИШ-ан декъашхой бу лецнарш. "Террорхоша къайлаха латточу меттехь а, хIусамехь а карийна герз, дуккха а патармаш, оьккху коьчал, ткъа телефонаш чохь ду терроран гIуллакхех лаьцна дозанал арахьарчу буьйранчица дина йозанаш", - боху Халкъан антитерроран комитето.
Куьрчалан кIоштарчу БIаьчи-Юьртахь шина гIаттах лаьтта спорткомплекс йиллина, Кадыров Рамзанан воккхаволчу кIентан цIе а туьллуш. "Кадыров Ахьмад – «Ахмат» клубехь кхиина спортхо ву, кхиина дуьненаюкъарчу турнирашкахь дакъалаца а. Цкъа а эшна вац иза. Спорт лелийна ца Iаш, Ахьмада дин а Iамадо, дика хаарш а гойту. Шен нийсархошна масалш гойту цо", - боху "Грозный" телеканалан сюжето. "Оха баркалла олу Кадыров Ахьмадан цIарх спорткомплекс йилларна Кадыров Айманина а (Нохчийчоьнан куьйгалхочун нана... Читать дальше...
Оьрсийчоьнан могашаллин министралло 60 шарал сов хан йолчу наханна, коронавирусах уьш Iалашбеш, тоха магийна пачхьакхехь кхоьллина "Спутник V" вакцина. Цунах лаьцна хаийтина ша "Россия-24" телеканална интервью луш министра Мурашко Михаила. Цо бахарехь, Оьрсийчохь шуьйрра пайдаэца долийна оцу вакцинах. Унна кхетча, баларна кхерам алсам болчу категорина Москвахь вакцинаци йолийна карарчу беттан юьххьехь. Хьалхо Мурашкос бохура, 500 эзар дакъа вакцина кечйина Оьрсийчоьнан регионашка дIасахьажо. Цо бахарехь... Читать дальше...