Оьрсийчоьнан могашаллин министралло 60 шарал сов хан йолчу наханна, коронавирусах уьш Iалашбеш, тоха магийна пачхьакхехь кхоьллина "Спутник V" вакцина. Цунах лаьцна хаийтина ша "Россия-24" телеканална интервью луш министра Мурашко Михаила. Цо бахарехь, Оьрсийчохь шуьйрра пайдаэца долийна оцу вакцинах.
Унна кхетча, баларна кхерам алсам болчу категорина Москвахь вакцинаци йолийна карарчу беттан юьххьехь. Хьалхо Мурашкос бохура, 500 эзар дакъа вакцина кечйина Оьрсийчоьнан регионашка дIасахьажо. Цо бахарехь, 300 эзар дакъа вакцина дIахьажийна Аргентине. Амма ша Оьрсийчохь, Цхьаьнатоьхначу Штаташца а, Британица а дуьстича, дуккхаза а лахара ду бахархошна вакцинаци яран болар, ца туху молха дийнахь масех эзар стаганна бен.
Ткъа коронавирус кхета Оьрсийчохь дийнахь лаххара а 29 эзар вахархочунна. Верриг а цунах цомгуш хилларг ву 3 миллион сов вахархо, царех таханенна дарбан хIусамийн тергонехь 550 эзар гергга стаг а волуш.
2020-чу шеран статистико гайтарехь, кхушара Оьрсийчохь баларш ду кху тIаьххьарчу хIора 9 шарахь хиллачел а лакхара.