Туркойчоь дагахь яц Оьрсийчохь яьккхина коронавирусана дуьхьал вакцина эца. Цунах лаьцна яздо Reuters агенталло, хаам бо Маршо Радион Оьрсийн сервисо. Туркойн-мехкан могашалла Iалашъяран министро Коджа Фахреттина дIахьедина, препарат лабараторин оьшучу зерах чекхяьлла яц, цундела цхьаьна пачхьалкхан бакъо яц иза лело аьлла. Министро цIе ца яьккхиyа вакцинин, амма хьалхо Оьрсийчоьнан могашаллан министралло хайитинера Туркойчоь лууш хиларх лаьцна шайгара "Спутник V" вакцина эца. Иза COVID-19 пандемина... Читать дальше...
Луьрчу рожехь колонехь яккха цхьа шо, цхьа бутт хан тоьхна Къилбаседа ХIирийчуьрчу вахархочунна, шен зудчунна а, цуьнан кхечу марехь винчу кIантана а еттарна. Кхело къасторца, инцидент хиллера кхушара Зазадоккху-баттахь. 30 шо долу бехкевинчо йиттина хIусамнанна а, цуьнан кIантана а, цул тIаьхьа кхерамаш тийсина хилла цу шинна, урс а ддаьккхина. И бахьана долуш хье меттахбаьлла а хилла кIентан, хаам бо Кавказ.Реалиино. Къилбаседа ХIирийчоьнан прокуратуро дийцарехь, и стаг хьалха а колонехь хан техкна ву, шен цIахь наркотикаш латторна. Читать дальше...
5 жима стаг лаьцна Францехь Пати Самюэль вер толлуш; Белхороев Якъуб кхин дIа а талламан изоляторехь латто сацам бина кхело; Дагестанехь вийна республикан куьйгалхочун администрацин хьаькаман Гасанов Алексейн ваша Гасанов Виталий.
Перевозчиков Валерий Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана са яккха хоьхкуш лелийна Европера говраш йисина финансех хаьдда – Американ Шататаша а, Европан Берто а санкцешна бухавахийтина церан да. Къайленехь, аьлча а, декларацешка ца яздеш лела "говрийн ахча" дуьххьара довзийтира масех шо хьалха коррупци толлучу "Трансперенси Интернешнл – Оьрсийчоь" цхьаьнакхетаралло. Муха дирзира Нохчийчоьнан куьйгалхочун хьал баккъал а мел ду, стенах гулло зер? Оцу хьокъехь Кавказ.Реалиигашен интервьюхь дуьйцу "Трансперенси Интернешнл ... Читать дальше...
КIиранан дийнахь Нохчийчохь дIавоьллина Францехь историн хьехархо Пати Самюэль вийна Анзоров IабдуллахI. 200 сов вахархо хилла тезетахь, ткъа хаамийн гIирсаша довзийтира иза "вазварца верзор" санна.
ГIалгIайчоьнан Халккъан гуламан депутат хилла, шайхан БатIал-Хьаьжин бусалба вежараллин хьалханча Белхороев Якъуб кхин дIа а талламан изоляторехь латто сацам бина кхело. Иза лаьцна низамаш лардон органин белхахоша кхушеран аьхка пачхьалкхан хазнера ахча лачкъийна аьлла. Белхароев кхин дIа талламан изоляторехь латто сацам бинарг ю Москвара Басманан кIоштан кхел. Кавказ.Реалиин хьастано бинчу хаамца, гергарчу кхаа баттахь Белхароев вуьтур ву "Лефортовохь". Цунна дуьхьал толлуш ду рицкъ доладаккхарца а... Читать дальше...
Нохчийн къомах волу 5 жима стаг лаьцна Францехь оршотан Iуьйранна, ГIуран-беттан 7-хь меттигера хьехархо Пати Самюэль вер толлуш. Низамаш лардон органашна хетарехь, цара интернетехула кехаташ яздина хиллачух тера ду Пати вийначу 18 шо долчу Анзоров IабдуллахIе, джихадан тема а хьехош, хаам бо Кавказ.Реалиино, France Bleu зорбан гIирсана тIе а тевжаш. ДIалецна нохчий бу 18-21 шераш долуш. Уьш полисхоша дIабигна Францин ХIордаца Сена (Seine-Maritime) а, Лакхара Луара (Haute-Loire) шина департаментехь. Читать дальше...
Вийна карийна Дагестанан куьйгалхочун администрацин ваша Вийна Дагестанан администрацин куьйгалхочун Гасанов Алексейн ваша Гасанов Виталий. Цуьнан дакъа карийна Махачкалана гергахь, иза вехачу куьпахь. "Кривая Балка олу поселок толлуш дакъа карийна лоьхуш волчу Гасанов Виталин. Цуьнан дегIа тIехь накхана тIехь урс тоьхна чов карийна. Кхалхаран бахьана къастош ду", хаам бо ТАСС агеталло, республикерчу ницкъаллин структурашкарчу хьостана тIе а тевжаш. Baza телеграм-канало хаам барехь, Гасановн дакъа карийна ГIуран-беттан 8-хь... Читать дальше...
Вийна Анзоров ша а ву питанах хӀаллакьхилларг; ГIалгIайчохь хан кхайкхийна курхалла лелийначу экс-депутатана; Азербайджано довзийтина тIамехь хилла шайн дараш