Ша-шех пачхьалкх кхайкхийначу Карабахерчу конфликтехь дакъалаьцначу эрмалойн а, азербайджанхойн а агIонаша бартбина шаьш лецна хилла массо а эскархой мукъабаха. Оцу хьокъехь хаам бина шайн мехкан халкъе видеокхайкхам баржийначу Эрмалойчоьнан премьер-министра Пашинян Николас. Хьалхо хаам баьржира, агIонаша Дуьненаюкъарчу ЦIен ЖIаран комитете дIакхачийна лецна латточу эскархойн, аьлла. Амма ца хьахийна Пашиняна ша дарж дитарх долчух хIумма а – оппозици гIерта цуьнга дарж дитийта. Советан Iедал... Читать дальше...
Трамп Дональда, Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн президента, куьг яздина "Допинганна дуьхьал долчу Родченковн низамна". Документо бехктакхаме озо магадо Американ Штатийн спортхоша дакъалоцучу дозанал арахьарчу дуьненаюкъарчу спортан къовсамашкахь допингах долу низам дохийна волу муьлхха а стаг. Низамо 10 шарна набахти кхачайо, 250 эзар доллар гIуданца цхьаьна. Зулам масех стага юкъахь дича, гIуда туху 1 миллион долларе кхаччалц. Дуьненаюкъарчу антидопинган агенталло (WADA) емалбира хьалхо Вашингтонан и сацам. Читать дальше...