Францехь, цхьа а бехк ца кховдош, маьршаваьккхина хьехархо Пати Самюэль вер толлучу гIуллакхехула лаьцана 5 нохчо. Францин AFP (Франс-пресс агенталла) агенталло бинчу хаамца, талламо гайтина уьш Пати верна декъа цахилар, хаам бина "Кавказский узел" сайто. Нохчийн къомах 5 жима стаг лецира Францехь оршотан Iуьйранна, ГIуран-беттан 7-хь меттигера хьехархо Пати Самюэль вер толлуш. Низамаш лардон органашна хетара, цара интернетехула кехаташ яздина хиллачух тера ду аьлла Пати вийначу I8 шо долчу Анзоров IабдуллахIе, джихадан тема а хьехош. Читать дальше...
Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан 20 шо долу йоI - Кадырова Хадижат - хIоттийна Соьлж-ГIалин школазхойн дешаран департаментан хьаькаман дарже. Цунах лаьцна ГIуран-беттан 11-хь хаам бина Нохчийчоьнан парламентан куьйгалхочо Даудов Мохьмада, инстаграмехь йолчу шен агIонехь. Хьалхо, зорбан гIисаша хаам бина ма хиллара, Кадырован йоккхахайолу йиша - Iайшат – хIоттийра республикан культуран министран гIовс. Кавказ.Реалии портало зорбане доккхучу тептарехь билгалбаьхна, махкарчу Iедалехь а... Читать дальше...
Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн Лаккхара кхел реза ца хилла президентан харжамийн жамIаш хийцар доьхуш Техас штато кховдийна, ткъа 17 штато а, президента Трамп Дональда а гIортор йина лехам листа. Техасан тоъала бакъонаш яц кхечу штаташкахь кхажтасаран процедура хийцийта, аьлла сацам бина кхело. Оцу сацамехьа кхаж тесна 9 суьдхочух 7-мма, шайна юкъахь Трампа оцу даржашка хIоттийна 3 суьдхо а волуш. Лехаман авторша тIедожадайта лууш бара "къовсаме штаташкахь" – Джорджияхь, Висконсинехь, Мичиганехь а... Читать дальше...
Оьрсийчоьнан Пачхьалкхан Думан депутатийн тобано ГIуран-беттан 11-чу дийнахь парламенте йийцаре ян кховдийна, кхечу пачхьалкхийн агенташ лерина болчу бахархошна а, зорбан-гIирсашна а таIзар дар луьрча даккхарх лаьцна низаман проект. Иза чулуш яздинчу кехата тIехь дуьйцуш ду, низам оьшуш хилар, кхечу пачхьалкхара ахча а оьцуш, Оьрсийчьурчу политикан процессашкахь дакъалоцучу наха беш болу болх хIун чулацам болуш бу а, цара дийриг массарна а гуш а хилийтархьамма, аьлла. Оцу низаман проекто билгалдаьккхина... Читать дальше...
Историкца-дагестанхочуьнца Тахнаева ПетIаматца къамел. Юхь - https://www.radiomarsho.com/a/30994089.html – Ахь ялийна тезис течIагIъеш аьр вай, хууш ду Имам Шемална гонахарчу цхьаболучара оьрсийн инарлашца бертан къамелашна некъаш лехнийла, дагадогIу хир ду хьуна прессехь оцу заманахь яздеш хилларг, Шемала дихкина оьрсашца юкъарло лоьхучу, цаьргахьа бовла гIертачу нохчашна шена тIе дехарш кхехьийта, бохуш. Шена тIе нохчех цхьаъ оцу хьокъехь ван воллийла а хиина, Шемала аьлла хилла, бах, иштта веъначунна I00 гIаж тоха. Читать дальше...