Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан 20 шо долу йоI - Кадырова Хадижат - хIоттийна Соьлж-ГIалин школазхойн дешаран департаментан хьаькаман дарже.
Цунах лаьцна ГIуран-беттан 11-хь хаам бина Нохчийчоьнан парламентан куьйгалхочо Даудов Мохьмада, инстаграмехь йолчу шен агIонехь.
Хьалхо, зорбан гIисаша хаам бина ма хиллара, Кадырован йоккхахайолу йиша - Iайшат – хIоттийра республикан культуран министран гIовс.
Кавказ.Реалии портало зорбане доккхучу тептарехь билгалбаьхна, махкарчу Iедалехь а, йоккхачу бизнесехь а болу Кадыров Рамзанан гергарнаш.
Кадырова Аймани, Кадыров Рамзанан нана – "Кадыров Ахьмадан Фондан" президент ю
Кадырова Iайшат, йоккхахйолу йоI – культурин министан хьалхара гIовс ю
Закриев ИбрахIим, йишин кIант – вице-премьер, юьртабахаман министр
Черхигов Идрис, йишин кIант – Нохчийчуьрчу ГИБДД-н хьаькам
Кадыров Хьамзат, вешин кIант – спортан министр
Кадыров Висита, тIелаьцна ваша – республикан куьйгалхочун гIоьнча
Кадырова Зарган (Черхигова), йоккхахйолу йиша –мехкан урхалхочун гIовс
Кадырова Зулай, жимахйолу йиша – республикан куьйгалхочун гIоьнча а, цуьнан гIуллакхаш луьстучу урхаллан куьйгалхочун гIовс а ю
Кадырова Медни, хIусамнана – "Кадыров Ахьмадан Фондан" вице-президент
Кадыров Хьамид, деваша – юьртабахаман министран гIовс
Байсултанов Одес,– спортан министран гIовс
Байсултанов Идрис, шича – дешаран а, Iилманан а министр
Дааев Абусупьян, шича – Нохчийчуьрчу "Роснефть" компанин директоран гIовс
Кадыров Шайхмохьмад, дешича – Нохчийчуьрчу "Беркат" базаран директор
Кадыров Хас-Мохьмад, верас – Нохчийчоьнан куьйгалхочун администрацин урхалхо
Делимханов Адам, верас – Оьрсийчоьнан пачхьалкхан Думан депутат
Делимханов Алибек, верас – Къилбаседа Кавказан гонашкарчу Росгвардин куьйгалхочун гIовс
Делимханов Шарип, верас –Росгвардиин урхалхо
Черхигов Рамзан, йиша яхна нуц – Нохчийчоьнан транспортан министр
Закриев Салман, йиша яхна нуц – Нохчийчоьнан парламентан спикеран хьалхара гIовс
Мацуев Висхан, йоI яхна нуц– Нохчийчуьрчу миграцин урхаллан куьйгалхо
Кадыров Хожа-Ахьмад, дешича – Къилбаседа Кавказан Федералан гонийн а, Нохчийчуьрчу алимийн а Кхеташонан урхалхо
Айдамиров Асланбек, стунваша – Нохчийчоьнан парламентан спикеран гIовс
Алханов Руслан, йоьIан марда – Нохчийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министр
Закриев Сахьаб, йиша яхначу невцан ваша– Гуьмсан кIоштан администрацин куьйгалхо