Ша-шех пачхьалкх кхайкхийначу Къилба ХIирийчохь мехкан куьйгалхой кхеташоне гулбелла, ткъа Цхинвалехь протестан гулам лаьтта оцу юкъанна. "Эхо Кавказа" проекто бечу хаамца, мехкан президента Бибилов Анатолийс дIасахецна Къилба ХIирийчоьнан министрийн кабинет. Къилба ХIирийчоьнан информацин "Рес" агенталло бахарехь, Iедалан куьйгалхочо Пухаев Эрика бина сацам бу министраш балхах мукъабахар. Махкахошца вистхуьлуш цо аьлла: "Иштта бу сан сацам. Ас ойла йина, суна иза нийса а хета". Цхинвалехь 400 гергга вахархо ву протестан гуламехь лаьтташ.
Нохчийчоьнан куьйгалхочун Иваново махкарчу векална Эдильсултанов Iисана курхаллаш лелорна а, бинчу талламан документаш хийцарна а бехк тIебаьхьина меттигерчу кхело. Адвоката Сайгитов Умалтан дIахьедар довзуьйту ТАСС агенталло: "Тахана Ивановорчу кхело ши бехк духьалбаьккхина Эдильсултановна: "Курхаллаш лелор" а, "Талламан документаш хийцар" а. Ткъа Эдильсултановс бехк тIе ца эцна шена, хаам бо адвоката. "Иза тешна ву ша бехке цахиларх, цунах лаьцна талламчашка тоьшаллаш дIакхачош ву иза", – аьлла Сайгитовс. Читать дальше...
Т1ьаххьарчу 24 сахьта чохь Къилбаседа Кавказехь коронавирусах велла 7 пациент, 502 цомгуш хилла, Оьрсийчоьнан уьнна дуьхьалоечу Оперативан штабан хамца. Белларш бу Ставропол-махкара кхо дархо, Краснодар-махкара – шиъ, Дагестанера, ГIалмакхойчуьра – цхьацца. 1168 вахархо велла Къилбаседа Кавказехь пандеми яьржичхьана схьа. Дийнахь буса а, ерриг а хенахь цомгуш хиллачийн терахьаш иштта ду: Ставропол-мохк +124 (11 730) Краснодар-мохк + 90 (11 031) ГIалмакхойчоь +73 (4054) Дагестан +70 (10... Читать дальше...
ГIалгIайчохь тIаьххьарчу баттахь тIемалой лоху операцеш лаьттина дерриг шарахьчул а дукха. 2019-чу шеран Марсхьокху-баттера кхушеран оцу батте кхаччалц дIаяьхьинарг яра 4 операци, ткъа беккъа цхьана тIаьххьарчу баттахь уьш хилла 5. Иштта ю бакъоларъяран "Мемориал" центро гойту статистика. "Суна цигахь гург цхьаъ ду – кхо бутт хьалха дIахьедира, тIемалочун Бютукаев Асланан тоба ю Соьлжан кIоштарчу хьаннашкахь, аьлла. Бутт хьалха вийра Рогвардин белхахо. Иза вер тIехьарчийра БютукаевгIарна, уьш лоху операцеш дIайолийра. Читать дальше...
Несарарчу 19 шо долчу Алмазов Мусана Къилба федералан тIеман кхело цхьа шо ахшо хан тоьхна юкъарчу хьелашкахь набахтехь даккха террорхошкахьа хиларна а, экстремизм яржорна а. Талламан версица, 2018-чу шеран Чиллан-баттахь Алмазовс "Вконтакте" машанехь ДАIИШ къобалъеш массех пост хIоттийна шен агIонтIе. ГIалгIайчоьнан экстремизмна дуьхьалоечу Центрехь жима стаг къерахилла шен бехканна, аьтто бина кхелана дов сихха листина даккхийта. Масех де хьалха тIеман кхело 1 шо хан кхайкхийра набахтехь... Читать дальше...
Оьрсийчоьнан тIеман министран гIовсан Евкуров Юнус-Бекан машен некъахьовзаме нисъелла Москвахь. "1-чу Дубровски урамехь нисбелла некъахьовзам. Евкуров пассажиран меттехь хиина хилла машена чохь. Карарчу хенахь луьстуш ду бохам хилар", - хаам бина "РенТВ" телеканало. "Известия" газето яздарехь, машен тIекхетта чохь бер долчу гIудалкхна, бер лазийна. "112" телеграм-канало бечу хаамца, чолхе тIаьхьало йоцуш бирзина бохам. Евкуров Юнус-Бек Оьрсийчоьнан министран гIовс хIоттийра стохка. Цул хьалха иза вара ГIалгIайчоьнан куьйгалхо. Читать дальше...