Оьрсийчуьра губернаторш социалан машанашкахь вон хьехор толлуш хIоттийначу антирейтинган топ-10 декъа кхаьчна Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан кхушеран Товбеца-баттахь. Наха цIерш вон яхарца хьалхаваьллачу итт губернаторна юкъахь Къилбаседа Кавказерчу мехкийн куьйгалхойх иза цхьаъ бен а вац. Рейтинг хIоттийнарш бу Политикан конъюнктурин центран эксперташ. Таллам дIахьош цара зийна хьал 8 платформица, яздо "Актуальные комментарии" портало. Дикачу агIор хьехор къастош динчу жамIехь 84-гIа ву Кадыров... Читать дальше...
Коронавирус йолучо бен ма кхойкхийла шена тIе лоьраш, аьлла Кадыровс; Германерчу кхело Абдурахманов зуламхо ца лору; "Пачхьалкхан къайле ястарна" лаьцна Петербургера видеоблогер-критик
Москварчу кхело лаца кхачийна, низам а талхош, пачхьалкхан къайленна тIаьхьакхиарна Петербургера видеоблогер Пыж Андрей (YouTube-хь 780 эзар хьажархо волу иза вевза ”Андрей МШ” цIарцIа). Хаам баржийнарг ю “Открытые медиа” портал. 35 шо долчу Пыжа видеорепортажаш йохура индустрин, транспортан бахамашкахь, пачхьалкхо тесна йитинарш а хуьлура царалахь. Шен сюжеташкахь иза нислора 90-чу шераш йина йина яккхаза йитинчу Нижний Новгородерчу зарратан станцехь, Москварчу, Петербулгерчу метрон къевлинчу зонашкахь, Чернобылехь, иштта кхечу объекташкахь.
Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана кхайкхам бина махкахошка, коронавирусца йоьзна йоцу цамгар бахьанехь телефонехула лоьраш цIа ма беха, аьлла. Цо бахарехь, "иштачу наха шайн могашалла кхерамна кIел юьгу". "Деха лаьа бахархошка, хьолах пайдаэца ма гIерта, хIунда аьлча, кхайкхинчу 100-ннах 30% коронавирус шайх хьакхаелла ца хуьлу. Кхойкху маьхза шаьш лоьрашка зейта. Оцо халчу хьоле боккху ишта а хала бохкучу лоьрийн болх", - аьлла Кадыровс, яздо "Чечня сегодня" портало. Шен кхайкхам мехкан... Читать дальше...
Видеона репост ярна а, Deutsche Welle газетера хаам шен фейсбук-аккаунте хIотторна а бехкевеш хилла нохчийн бакъоларъяран "Вайфонд" ассоциацин Германера векал Абдурахманов Мухьаммад (вевзаш волчу блогеран Абдурахманов Тумсон ваша) хIуманна а бехке вац, аьлла, сацам бина Аугсбург гIалин кхело. Иштта хаам бина Кавказ.Реалиига ша Абдурахмановс. Йийцрейийраш яра Израилехь эскархоша шайна дуьхьал оьккху шиша ласторна беранна тIе жIаьла лоьллуш яьккхина ши видео а, Deutsche Welle газето арахецна "Стенгара... Читать дальше...
Европан Барто санкцеш яха тарло Белоруссехь чекхбевллачу харжамашкахь харцо лелорна резабоцу бахархой таIзарна кIел латточу куьйгалхошна дуьхьал, аьлла ша динчу дIахьедарехь Евробартан арахьарчу политикан урхаллин куьйгалхочо Боррель Жозепа. ТIаьххьарчу кIиранан дийнахь Белоруссехь бирзинчу президентан харжамашкахь, официало бахарехь, тоьлла 1994-чу шарера дуьйна схьа президентан дарж шегахь латтош волу Лукашенко Александр. Амма и харжамаш бацара я нийса дIабаьхьина а, я маьрша а, я пачхьалкхаша ларъян езачу стандартаца богIуш а... Читать дальше...