Кест-кеста хьаннашкахь нах бойъу Iедало, олу цо царех «тIемалой»; Къилбаседа Кавказехь ипотека ца оьцу я ца ло?; Оьрсийчоьно авианекъаш боьллур бу 7 пачхьалкхаца, амма хьанна-хьанна а дац новкъавала магош
Ипотека кхиарх йолу 2020-чу шеран рейтинг х1оттийна "РИА-Новости" агенталло. Оцу рейтингехь тIаьххьара мехкаш бу Нохчийчоь, ГIалгIайчоь, Дагестан. Ипотека эцадаларца иштта ледара ду хьал аннекси йинчу ГIирмехь а, ГIебарта-Балкхаройчохь а, Кхарачой-Чергазийчохь а, Алтайхь а, Къилбаседа ХIирийчохь а. Эксперташна хетарехь, бахьана хила тарло бахархошна ипотека эца цалаарца я банкаша иза эца аьтто беш бацарца. 2019-чу шеран рейтингехь уггаре ледара хьал дара ипотека эцарца Дагестанехь, Кхарачой-Чергазийчохь, Нохчийчохь.
Т1аьххьарчу 24 сахьтехь коронавирусах беллачу къилбаседа-кавказхойн терахь ду 6, цомгуш хиллачийн – 448. Оьрсийчоьнан уьнна духьалоечу Оперативан штабо бечу хаамца, Краснодар-махкахь велла кхо пациент, Дагестанехь – шиъ, Ставропол-махкахь – цхьаъ. Коронавирус 24 сахьтехь цомгуш хиллачийн а, юхьанца схьа кхуьуш лаьтта а терахьаш иштта ду: Ставропол-мохк +129 (11 124) Краснодар-мохк + 88 (10 595) Дагестан +63 (10 521) ГIалмакхойчоь +54 (3775) Кхарачой-Чергазийчоь +32 (4830) ГIалгIайчоь... Читать дальше...
Лукашенко Александре кара автомат эцийтина Минскерчу маьршачу протесташа. Цуьнан 15 шо долу кIант Николай а гина, карахь герз а долуш. Герзца волу Лукашенко валош догIу беркема охьаху видео зорбане яьккхина Болоруссин президентан пресс-сервисо.
ГIалгIайчуьрчу МаьлгIабекара Коттаева Хадижат терроризманна пропаганда ярна а, иза бакъйарна а шарахь набахтехь латтор ю, хаам бо Ростоврчу тIеман кхелан пресс-векалто. "Вконтакте" машанехь 2018-чу шеран Зазадоккху-баттахь цо ша язйинчу комментарица терроризм къобалйина, нах кхайкхина иза тIекIаярехьа, боху талламчаша. "Каттаева ша динчу зуламна къера а хилла, дохко а яьлла, иза чу а лоруш, кхело лаххара хан кхайкхийна цунна, иштта ца нисделлехь, 5-7 шо кхайкхор дара набахтехь такха", - дийцира... Читать дальше...
Кеманаш дIасалелар юхаметтахIотторах лаьцна хаттар дийцаре деш ю Оьрсийчоь кхин а 7 пачхьалкхаца – Францица а, Венгрица а, Мальтица а, Кипрца а, Иорданица а, Мисарца а (КъахIира), ткъа иштта Китайца а (Шанхай), яздо "Известия" газето, шен авианекъийн урхаллерчу хьастана тIе а тевжаш. Шинарин дийнахь, Марсхьокху-беттан 18-хь, оперативан шабан кхеташонехь Росавиацина а, Роспотребнадзорна а тIедожийра оцу пачхьалкхашца стигалан некъаш схьаделлар кечдар. Оперативан штабехь керлачу пачхьалкхашца кеманаш лелар схьаделлар тIе ца чIагIдина... Читать дальше...
Оьрсийчоьнан дипломат "персона нон грата" хилар кхайкхийна дуьххьара Австрино. Оцунах лаьцна оршотан дийнахь, Марсхьокху-беттан 24-хь, яздина Kronen Zeitung газето. Оьрсийчьонан дипломатан цIе йоккхуш яц. Хууш ду иза Австрера дIаваха везаш хилар Гезгмашин-беттан 1-ра де тIекхачале. Австрин арахьарчу гIуллакхийн министраллана тIе а тевжаш, ТАСС агенталло хаам бо, дипломатан лелар догIуш дац дипломатин юкъаметтигашкахула Венерчу конвенцица. Австрин Iедалша дийцарехь, Оьрсийчоьнан дипмиссин... Читать дальше...
ХIара лелийра лецначу нахана тIехь Минскехь Окрестинан урамехь талламан изоляторехь (СИЗО). Варелаш, чIогIа къизаллаш гойтуш видео ю хIара
КIирандийнан шолгIачу декъехь ГIалгIайчуьрчу Соьлжан кIоштан Обаргийн-Юьртахь (Троицкая) Iедалан ницкъаша леррина операци дIахьош вийна кхо тIемало. Ницкъхойх лазийна шиъ, хаам бо Оьрсийчоьнан антитерроран комитето. Хьалхо дара хоуьйтуш ши стаг вийна хиларх. Лазийнарш бу, оцу урхалло бахарехь, пачхьалкхан къайлахчу сервисан (ФСБ) белхахой. Вийна кхоъ ДАIИШ-ан агIонча вара, цаьргахь маса тоьпаш, тапчанаш, патармаш, лелха коьчалш яра, чIагIдо антитерроран комитето. Кавказ.Реалиин хьостанаша бинчу хаамца... Читать дальше...