Селхана Нохчийчуьрчу масех юьртахь лаьцна лаххара а 25 стаг, шайлахь школийн дешархой а болуш. Бахьана ду махкахула Кадыров Рамзанан фотоколлаж яржар – мозгIаран оба а йоьхна гойтуш ву цу тIехь мехкан куьйгалхо. "Кавказ.Реалиига" кхаьчначу хаамца, лецнарш бу Шелара (11 стаг – школехь доьшучу берашна тIера 62 шо долчу таксистан биста кхаччалц), Гаьрмачигара 4 (шиъ - школера дешархо, шиъ - 25-30 шераш долу бахархой), луларчу Курчалой-Эвлан кIоштара лаьцна 10 стаг. Лецначаралахь бу интернетехула Кадыровн сурт дIасахьийсийнарш а... Читать дальше...
Несарарчу кхело набахтехь яккха диъ шо хан тоьхна Эккажакъонгий-Юьртарчу Альтемиров Хьасанна меттигерчу яхархочуьнгара, цуьнан суьрташ а даржийна, иза нахала цайоккхург ахча доаккхарна. 47 шо долчу Альтемировс а, цуьнца цхьаьна кхин а масех стага а, лелош хилла и зулам, хаамбо, прокуратурин информацина тIе а тевжаш, «Интерфаксо». Зуламхочо ша зудчуьргара даккхина 800 эзар сом декъна шен гIеранехь, боху агенталло. Альтемировн 6 бер хилар тидаме а эцна, цунна низамехь догIучу таIзарх лаххара барам къастийна кхело. Читать дальше...
48 шо долу «къуйн эла» («вор в законе») лаьцна Несарна уллерчу Аьлти-Юьртахь цIийнах хьовсуш ГIалгIайчуьрчу полисхоша, хаамбо gazetaingush.ru портало. «Криминалан могIаршкахь лаккхара жигаралла латторна» цIе йолчу Бекхтакхаман кодексан 2I0-чу декъаца бехкево иза. Иттех шо хьалха герз долахь лелорна лаьцна хилла ву Ингуш. Ткъа «къуйн элин таж» цунна тиллина 20I3-чу шарахь Москвахь. 20I6-чу шарахь кхаа шарна набахте хьажийра иза наркотикаш лелорна. Стохка аьхка аравелира набахтера.