82-чу хIаваъ-десантан дивизера 3 эзар гергга эскархо ву хьажош Гергарчу Малхбале Iамеркан Цхьаьнатоьхначу Штаташа. Пентагонерчу хьосташна тIе а тевжаш, Reuters агенталло хаамбарехь, бухарчу Iамеркан эскархойн кхерамзалла чIагIъеш гIулч ю иза. Кувейтехь дIатарлур ду дуьйцу тIеман дакъа – кху кIиран юьххьехь цига дIахьажийна 750 эскархо сецначу базехь. Инарла Сулеймани Къасем вер Iамерканна дIадекха дош делла ТехIерано. Революцин гIаролхойн буьйранча, ГIажаройчоьнан Iедало веза лору инарла вийра... Читать дальше...
Бухахь хи лелачу ор чу а доьжна (кхечу хаамца, тIе ша лаьцначу хи чу а дахана) делла школехь доьшу ши бер пIераскана Нажи-Юьртан кIоштарчу Гуьржий-Махкахь, хаамбо Нохчийчуьрчу Талламан комитетан урхалло. Уллерчу Бенара а, Нажи-Юьртара а орца тIекхиича, делла хьаладаьхна ларамза ор чу эгна бераш. Журналисташца къамел динчу полисхоша бахарехь, уьш даларх тоьшалла дина лоьраша а. 10, 12 шераш долу ши йоI ю елларг.
Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана маьхза кхача а луш, къахьегна шаьш дерриг а 2019-гIачу шарахь, боху Instagram-каналехула цуьнан пропагандин коьрта мукъ хилла болх бечу «Грозный» телекомпанин белхахоша. «Юург хIора дийнахь керла-керланиг йора тхуна. Фондо ( Кадыров Ахмадан фонд - ред.) лучу ахчанах оьцура вуно дика сурсаташ», - хестало журналисташ шаьш делкъе еш яьккхинчу видео чохь. Кадыров Рамзанах а, цуьнан гонах а ира дош аьлларг, конституцино кхайкхийначу паргIатонех хьаьгна, вистхилларг... Читать дальше...