Кхаьънаш эцна аьлла, лаьцна ФСБ-н полковник
Талламчийн версица, Сочехь къайлахчу сервисийн белхахошна цIенош дечу заманчохь компанийн хиллачу куьйгалхошкара Лягин Михаилера а, Симонов Андрейгара а ворхI миллион сов ахча эцна хилла Наумовс. Шайна талламаш бан нах ца бахкийтархьама луш хилла цунна и ахча. Ишта Лягина а, Симоновс а къайладаьккхина дерриг а 400 миллион сом. Лаца а лаьцна, хенаш тоьхна цу шинна. Колонехь латточу юкъанна ФСБ-н полковникна тоьшаллаш дина лаьцначу шиммо.
Наумов лацар бакъдина Оьрсийчоьнан Талламан комитета чуйогIучу тIеман талламчийн урхалло а, амма кхи тIех даьккхина хIуммаъ ца дийцина. Оцу юкъанна "Коммерсанто" билгалдаьккхина, кхаьънаш эцарна бехке хиллий хьовсуш, талламаш дIахьош бу кхи а цхьа могIа ФСБ-н керла гIишлошъяран урхаллехь болх бина а, бечу а белхахохошна а.