Москвара Самаре доьду Sukhoi Superjet 100 кема юхадеана
Самаран онлайн- таблон хаамашца, SU 1206 рейс а юкъахъяьккхина. Ишта ца гIаьттина Iуьйранна ялхолгIачух ах даьлча Самарера Москва даха деза SU 1207 кема а. Пилотийн гонаха хIо хиладезачу хьолехь цахиларна Шереметьево юхадеана "Суперджет" кема аьлла, хаамбина "Интерфаксо".
Кху беттан 5-чохь Шереметьевохь, 41 стаг а леш, "Суперджет"100 кема даьгначул тIаьхьа Оьрсийчоьнан урхалло ханна дозанаш ца туьйхира оцу кепарчу кеманашна гIийтта. Делахь а "Аэрофлот" компанино шен лаамехь юкъахйоху рейсаш. ТIаьххьарчу цхьана кIиранчохь компанино ца гIаттийтина 50 гергга кема.