Шереметьевохь даьгначу кеманчохь беллачийн цIераш къастийна
"Молекуляран- генетикан идентификацин белхаш бирзи. Массеран а цIераш къаьстина, эксперташ тIаьххьара документаш кечдеш бу", - аьлла агенталлаца къамел динчо.
Москварчу аэропортера Мурманске доьду "Аэрофлот" авиакомпанин долара Sukhoi Superjet 100 кема Шереметьево юхадеара кху беттан 5-чохь, техникан бахьанашна.
ГIаьттина ах сахьт даьллачу хенахь лайнер къиза охьадосийнера. Лаьттах кхеттачул тIаьхьа цIе яьллачу кеманчохь вегира 41 стаг. Дийна висира 33 пассажир.