Добавить новость


World News in Chechen


Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer

Роскомнадзоро дIакъевлина Путинах лаьцна йоза долу хаам зорбане баьккхина 76.ru сайт

Оьрсийчоьнан Роскомнадзоро дIакъевлина Ярославлехь меттигерчу чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан урхаллан гIишлонна тIехь Путинах лаьцна йоза долу хаам зорбане баьккхина 76.ru сайт. Цу урхалло юкъатоьхна цу хаамна тIе йоьду линк Оьрсийчохь йихкинчу сайташна.


Журналисташ шайн болх сацор бац. Цара шайн материалаш зорбане йохур ю 76.ru зорбанан гIирсан социалан машанашкахь йолчу агIонаш тIехь, аьлла ду "Медиазоно" бинчу хаамехь.


Маршо Радионо хьалхо яздина ма хиллара, Оьрсийчуьрчу цхьамогIа зорбанан гIирсаша шайн сайташна тIера дIаехира мила ву ца хуучу стага Оьрсийчоьнан чохьарачу гIуллакхийн министраллан Яраславан кIоштан урхаллан гIишлонна тIехь динчу йозанах лаьцна материалаш.


ХIора колонни тIехь диллина цхьа элп хилла, цхьаьна цара хIоттийна хилла ши дош "Путин *****", яздо Маршо Радион Оьрсийн сервисо.


Цу йозанан сурт шен Фейсбукерчу агIона тIехь арахецнера меттигерчу вахархочо. Цул тIаьхьа цу хьокъехь хаам бира маситта Ярославерчу зорбанан гIирсо. Дукха хан ялале церан редакторшка телефон етта буьйлабелира Роскомнадзоран а, ФСБ-н а белхахой, и сурташ дIадаха бохуш.


Шинарин сарахь Роскомнадзоран зорбан секретаро Ампелонский Вадима дийцира, хаам дIабаккха аьлла шаьш телефон тохар бахьана "пачхьалкхан символш сийсаз ярх лаьцна низам дохор сацор Iалашонца йина профилактика" яра аьлла.


Iедалхой сийсазбеш, царах цавешаш, Оьрсийчоьнан пачхьалкхан символш а, Конституци а, Iедалан органаш а ларам боцуш, томехь йоцчу кепехь хьехийначарна таIзар дарх лаьцна низам Оьрсийчоьнан парламентан шина а чоьно тIеэцначул таьхьа, куьг а таIийна, тIечIагIдира президенто Путин Владимира Зазадоккху-баттахь.


И низам болх бан доладеллла кху, Оханан-беттан,1-чу дийнахь. Хье а ца луш, иза зен буьйлабелла Оьрсийчуьра бахархой.


Оьрсийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан Яраславан кIоштан урхаллан гIишлонна тIе яздина "Путин *****" а долуш, сурт Фейсбукехь дIахIоттийра Ярославлерчу вахархочо Попутников Кирилла Зазадоккху-беттан 31-чохь, низам болх бан доладала цхьа де диссинчхенахь.


И бахьана долуш шолгIачу дийнахь иза леван полици кхайкхийра. Делахь а сурт цу стага хIинца а дIа ца даьккхина шен агIона тIера. Полисхоша шега иза де аьлла дехар ца дира, боху Попутниковс.


Кхечу кепара лелла цхьаболу Ярославлера зорбанан гIирсаш, шайна юкъахь "Эхо Москвы в Ярославле" радио а, "Ярославский регион" газета а, "ProГород" портал а йолуш. Цара шайн сайташна тIера дIадаьккхина шаьш арахецна сурт. Амма иза дан реза ца хилла ши сайт: "Яркуб" а, "76.ru" а.


"76.ru" сайтан редакторо Прохорова Ольгас дийцарехь, Зазадоккху-беттан 31-чу дийнахь и хаам сайта тIера дIабаккхар доьхуш Роскомнадзорера тоьхна ца Iаш, цуьнга телефон тоьхна Федералан кхерамазаллан сервисера (ФСБ).


Прохоровас дийцарехь, ФСБ-ра шозза телефон тоьхна цуьнга. Сурт дIадаккхахьара аьлла, дехар дира шега, кхин тIедожош аьлла хIумма а дацара, боху редакторо.

Читайте на сайте


Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media










Топ новостей на этот час

Rss.plus