Добавить новость
World News in Chechen


Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer

Архангельскерчу ФСБ-хь дина эккхийтар бакъ дина цо аьлла, меттигера йоI бехкейо

Карелерчу Медвежьегорск гIалара 27 шо долу меттигера яхархо бехкейина, стохка гурахь Архангельскерчу ФСБ-н гIишло чохь дина теракт бакъдарна. ЙоьIан цIе а хьулъеш, хаамбина цунах лаьцна "Республика" хьостано. Зорбанашкахь яздарца, еарин Iуьйранна бехкеечун хIусамах хьоьвисна Карелин ФСБ а, экстремизмна дуьхьало латточу Центран белхахой а.


Бахьана хIоьттина хилла, "ВКонтактерчу" социалан машанехь оцу йоIа, Архангельскехь эккхийтар дина Жлобицкий Михаил бакъвеш язйина публикаци гучуяьлча. "Шен дахар а ца кхоош, харцонца къийсам латтийна турпалхо ву иза" аьлла, яздинера цу йоIа. Терроризм бакъ ларар хааделлера цуьнан текстехь экспертиза йича.


Архангельскерчу къайлахчу сервисийн хIусам чохь эккхийтар дарх социалан машанашкахь шена хетарг мел аьллачунна дуьхьал дохуш ду бехктакхаман гIуллакхаш.


Жлобицкий Михаиалан тIаьххьарчу постан репост йина аьлла, бехкейира стохка Лахьан-баттахь Вологодскан кIоштара Ромасенко Надежда.


Оццу баттахь Калининградехь лецира меттигера анархистийн агIонча Лукичев Вячеслав. Жлобицкийс тIаьххьара дитинчу кехатан копи шен аккаунте хIоттийна, иза "турпалхо ву" аларна бехк кховдинера цуьнга. КIира хьалха 300 эзар сом гIуда хьарчийна Лукичевх. Бехк тIе ца буьту цо, гергарчу заманчохь кхеле латкъамбан Iалашо а ю цуьнан.


Архангельскехь динчу терактах лаьцна "Эхо Москвы в Пскове" радиостанцин эфирехь меттигерчу журналисто Прокопьева Светланас дечу къамелехь терроризм бакъеш билгалонаш хааеллера талламчашна.


Дахначу шеран ГIадужу-беттан 31-чохь Iуьйранна эккхийтар дира Архангельскерчу ФСБ-н гIишло чохь. Талламчийн версица, меттигерчу политехникан колледжехь доьшуш волчу Жлобицкий Михаила куьйга йина бомба эккхийтинера.


 


 


 

Читайте на сайте


Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media










Топ новостей на этот час

Rss.plus