Кадыровн векало комментари йина цуьнан говраша ахча даьккхина бохучунна
"Трансперенси Интернешнл - Оьрсийчоь" вовшахтохаралло дIахьедар динера пIераскан дийнахь, Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнан 128 говро 100 миллион сом даьккхина Кадыровна тIаьхьарчу 4 шарахь, амма и ахча хьахош дац цуьнан декларацешкахь аьлла.
Кадыровн говрийн цIераш ялош ю Hippodrom.ru сайта тIехь. Кхин а ши говр гайтина ю Эмираташкарчу говраш хахкаран официалан реестрехь, билгалдоккху «Трансперенси Интернешнло».