Пачхьалкхехь лаьттачу проблемийн жоьпалла Путинна тIехь ду аьлла 61 процент бахархоша
Шо хьалха 55 процент хаттамбинчара дIахьединера, доллучух а жоьпалла Путинна тIехь ду аьлла. 21 проценто "юкъ-кара долчунна" бехкевира Путин.
Нагахь тIедогIучу кIирандийнахь президентан харжамаш хилча, цунна кхаж таса кийча ву 56 процент Оьрсийчоьнан вахархо, билгалдоккху социологаша.
2018-чу шарахь хиллачу харжамашкахь 77 процент кхаьжнаш кхечира Путин Владимирна.