Хазбиев Мохьмад маьршаваккхар дехна адвокаташа
Маршо Радионо яздира, гIалгIайн оппозиционеран хьокъехь кхел кху аьхка дуьйна йолийна хиларх. ТIаьххьара шинаридийнахь хиллачу процессехь прокуроро 3, 5 шо хан йийхира Хазбиевна набахтехь яккха, иштта декхаре а веш 50 эзар сом гIуда такха.
Бакъо йоцуш герз латтийна, Iедалхой сийсазбеш, къамелаш дина, социалан тобанашкахь хьагI-гамо марса а яьхна аьлла, бехкаш дехкина Хазбиевна.
Бехкаш тIе ца дуьту Хазбиевс. Шена дуьхьал айдина гIуллакх политикан бух болуш лору цо.
РогIера Хазбиевн довхаттар дIахьур ду тIедогIучу еаридийнахь.