Росстат: 13,8 % бахархой болх боцуш бу Нохчийчохь
Росстато хIоттийначу таблицо гайтарехь, болх боцучу нехан дакъа цхьатера дац регионашкахь. Иштта 39 регионехь и гайтам лахара бу пачхьалкхехь юккъера болчул а. Уггаре кIезиг нах бу бан болх боцуш Москох - 1,2 процент.
Болх каро уггаре хала ду ГIалгIайчохь. Цигахь къахьегалучу нахах бан болх боцуш бу 26,5 процент бахархой. ШолгIачу меттехь ю Тыва Республика - 19 процент. Ткъа Нохчийчохь болх лоьхуш бу 13,8 процент бахархой. Дусташ далийча, луларчу Дагестанехь и терахь ду - 10,2 процент.