Добавить новость


World News in Chechen


Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer

Конгрессо арахецна Оьрсийчоьнна дуьхьал санкцеш чIагIъярх лаьцначу низаман проект

Iамеркан Конгрессан сайта тIехь шинарин дийнахь документ арахецна, Оьрсийчоьнна дуьхьал кхайкхийна сакцеш чIагIъярх лаьцна долу. Иза хьалхо кечдинера Республикан а, Демократин а шина партерчу сенаторша, шайн коьртехь сенатор Грэм Линдси а волуш.  


Цу документан цIе ю "Кремлан агрессех Iамеркан кхерамазалла ларъяр" аьлла. Иза кечдинера Iамеркан президент Трамп Доналд Оьрсийчоьнан президентца Путин Владимирца ХIелсинкехь Товбеца-беттан 16-чохь цхьаьнакхеттачул тIаьхьа.


Цу документана тIехь ду политикан дIахьедарш а, ткъа и штта Оьрсийчоьно лелочунна дуьхьал яха езаш йолу гIулчаш йийцар а.


Цу низаман проектана тIехь дуьйцуш ду Оьрсийчоьно ГIирмана аннекси яр Цхьаьнатоьхначу Штаташа къобул деш ца хилар а (1940-чу шарахь Советан Пачхьалкхо Балтера пачхьалкхаш дIалацар къобул деш ца хиларца доьзна кечдина хиллачу документан кепехь).


Цу документо доьхкуш ду Iамеркан администрацина НАТО-на юкъаръялар Iалашонца гIулчаш яхар.


Низаман проектца а догIуш, иза тIеэцна 180 де далале, Iамеркан президенто санкцеш кхайкхо езаш ю "Оьрсийчоьнан президентан лаам чекхбоккхуш коррупцин гIулчаш йохучу политикашна а, олигархашна а, кхин болчу нахана а дуьхьал".


Санкцеш кхайкхо езаш ю иштта цу нехан доьзалхошна а, Путинца йоьзначу вовшахтохараллашна а.


Низам тIеэцна 90 де далале пачхьалкхан секретаро хаам бан безар бу Конгрессе "терроризман спонсор йолу пачхьалкх" олучу критерешца йогIуш ю Оьрсийчоь я яц бохучух лаьцна.


И низаман проект йийцаре маца йийр ю хууш дац. Оьрсийчоьнна санкцеш кхайкхорах лаьцна цул хьалха хилла проект, берш аьлча санна конгрессменаша гIортор а еш, тIеийцира стохка Конгрессан шина а чоьно.

Читайте на сайте


Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media










Топ новостей на этот час

Rss.plus