Умаровс бакъ ца дина полисхошна зударий балор тIедожор
"Со хууш вац Маршо Радионо и хаамаш стенгара лехьош бу. Бакъ дац иза. Цхьа а доцург ду иза", - аьлла Умаровс.
Делахь а, карладоккху хьаькамо, республикехь "божарел а зударий дукха хиларна, меттигаш хилар шиъ, кхоъ, йиъ зуда ялош. Оха дуьхьалонаш ца лелайо, хIунда аьлча, хIораннан а шен лаам бу и. Шинна юкъахь барт а болуш, Делан лаамца деш хIума ду и", - аьлла, дерзийна шен къамел зорбан министро.