Добавить новость


World News in Chechen


Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer

Умаров: Кадыровн цIарах шоуменаша пайдаэцар сацо деза

Кадыровн цIарах шайн пиар-акцешкахь шоуменашка пайдаэцийтар сацо деза аьлла Нохчийчуьрчу зорбан министро Умаров Джамбулата. "Бакъду, дукхачу нахе далур доцург Рамзан Ахматовича шега кхочушдалуш хиларх тоьшалллаш цкъа гайтина а ца Iа. Делахь а, Слепаковн яьржинчу роликехь, хетарехь цунна шена а, масех цуьнга ладугIучунна а бен самукъане хетта йоцу, ма дарра аьлча, цхьа барз сакхташ ду. Цкъа делахь, гоьваьллачу актеро, кеп-кепарчу "забарен" скейтчийн, байкийн авторо литературан мотт бийцинехь гIоле дара, байташкахь мукъна а. ШолгIа делахь, Оьрсийчоьнан футболан тобанца гIуллакхаш цо сийсаз ма яккхара, ледара а дац.


КхолгIа аьлча, вайн шоуменашна дехка хан кхаьчна тайп-тайпанчу шайн пиар-акцешкахь Кадыровн цIарах пайдаэцар", - яздина нохчийн министро.


Иштта цо билгалдаьккхина, Кадыров забарх кхеташ хилар а, Слепаковн агIор цо цхьана а кепара негатив йийр цахилар а.


Делахь а, сайгара эр дара ас, зен хир дацара Семенна Оьрсийчоьнан тобане а, Кадыров Рамзане а шена бехк ца биллар дехча аьлла, тIетоьхна Умаров Джамбулата.


Маршо Радионо хааме даьккхира, дуьненан чемпионатах лаьцна а, Кадыровх лаьцна а керла рогIера илли даьккхина хиларх оьрсийн забарчо Слепаков Семена. Фейсбукерчу шен агIон тIе оьллинера Слепаковс шен композици. Сюжетца а догIуш, дуьненан турнирехь оьрсийн футболан тоба эшна йисарна кхеравеллачу президенто Путин Владимира катоьхна кхеташо кхайкхайо. Командан тренер хийцича юьхIкIам хир бара аьлла тешначу цо Кадыров Рамзан хIоттаво цу дарже. Оьрсийчоьнан футболисташ кхерало, шайна Кадыров тIехIоьттича, хIетте а толам ца бохьу цара чемпионатехь. Ша эшарна къера хилла Нохчийчоьнан куьйгалхо шен мехкан урхалла дан юхавоьрзу.


Социалан машанехь цуьнга ладоьгIначара, хIинца Кадыровна хьалха шена гечдар деха деза комика бохуш, комментареш йитинера.







 

Читайте на сайте


Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media










Топ новостей на этот час

Rss.plus