Amnesty International: Раккахь маьрша бахархой байарна бехке ю коалици
Бакъонашларъярхоша билгалдаккхарехь, бомбанаш тухуш дуккха а адам дехачу кIошташкара бахархой бисина хилла, арабовла аьтто боцуш. Дохийна хилла цIенош а, гIалан инфраструктура а.
Оццу хенахь «Исламан пачхьалкх» шех олучу тобанан декъашхой дIабахийтина коалицин эскарша, цхьа а хало а ца хуьлуш, дуьйцуш ду Amnesty International-о кечдинчу дIахаийтарехь.
Маьрша бахархой байар талла аьлла кхайкхам бина бакъонашларъярхоша. Царна хетарехь, компенсаци яла еза Ракка гIалахь эшам хиллачу нахана.