Добавить новость
World News in Chechen


Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer

КужуловгIеран доьзал юха а юьхьарлаьцна Нохчийчуьрчу Iедалхоша

ГIаттамхо лоручу шен марвешина цхьаммо ахча даийтина хиларх полицига ца хаийтинчу Кужулова Iашатна бехк биллина Соьлжа-гIалин кхело. Талламчаша даредарца, лехамашкахь волчу тIемалочух шена бевзачу хаамех мукIарло ца дина цо полисхошна аьлла, дийцина Нохчийчуьрчу Талламан комитетан векало "Кавказан узел" агенталле.


"Шен цIийнден жимахволчу вешина Кужулов Собур-Iелина 2500 Iамеркан долларшкахь ахча тесний ца хаийтина цо ницкъаллийн структурашка. Кхелан сацамца, ахчан барамехь гIуда хьарчийна цунах", -аьлла, дийцина талламхочо.


Оьрсийчоьнан зуламан кодексан 205.6 артикло 100 эзар соьме кхаччалц гIуда тоха кхачадо бехкеечуна я цхьа шо набахтехь яккха хан.


Маршо Радионо шен агIонашкахь яздира КужуловгIеран доьзалх лаьцна. 2016-чу шарахь гIаттамхойн декъехь лаьттина аьлла, кхел йинчу 60 шо долчу Кужулов Iаббазан доьзалера 5 стаг лачкъийна дIавигинера полисхоша.


Цхьа могIа бакъонашларъярхоша гурахь даржийра, Кужулов Iаббазан кIант а, ши йоI а мича буьгу а ца дуьйцуш, къайлабахарх. Иштта Iаббазан воккхаволу ваша а, цуьнан зуда а – Iилман а, Iайшат а дигинера.


И хаам Iорабаьккхина кIира даьлча, Веданан кIоштарчу хьуьнхахь талламхоша эксперименташ дIахьочу хенахь мина а иккхина веллера Кужулов Iаббаз.Эккхийтарехь чевнаш йинера шина полисхочунна а.


Кужулов Iаббаз веллачул тIаьхьа цхьаболу цуьнан гергара нах маьрша баьхнера, ткъа цуьнан кIентан Илесан кхолламах хууш хIуммаъ дац хIинццалц схьа.

Читайте на сайте


Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media










Топ новостей на этот час

Rss.plus