Кадыровна новкъадеана Telegram дIакъовлар
Цо бахарехь, шена бухаязвеллачу 30 эзар стагца информацица дагавийла а, дийца а бIегIийла йолуш сервис яра Telegram.
ПIераскандийнахь кхело сацамбина, Оьрсийчохь Telegram йоьхкуш.
Мессенджеран дас Дуров Павела терроризмца къийсам латточу къайлахчу сервисашна хаамаш баста бакъо лун догIанаш дIацадаларан бахьанца Роскомнадзоро кхеле арз дахьийтинера, дIакъовлар тIедожош.