Добавить новость
World News in Chechen


Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer

Йовлакхаш лелор дехка мегаш ду Австрерчу берийн бошмашкахь

 




 


Австрерчу Iедало тIеэца кечдина берийн бошмашкахь а, школийн юьхьанцарчу классашкахь а зудабераша коьртахь йовлакхаш лелор доьхкуш долу низам. Жимачу хенахь берана шена ца хаьа шен хьекъалца ша тIехь а, коьртахь а лелочух лаьцна сацам бан. Царна йовлакхаш лелор доьзалшкахь тIедожош ду. Иштта бу и низам кечдинчу Австрерчу коьртачу шина партина хетарг. 


Бакъду, карарчу хенахь цу партийн хьежамаш ца боькъу дуккха меттигерчу тергамхоша. Цара шаьш реза ца хилар хIинцале а дIахаийтина цу кепара низам тIеэцаран хьокъехь.


Цара ву, масала, даханчу шарахь Венерчу бусалба берийн бошмашкахь тоъалла интеграцин болх беш бац бохург шен Iилман талламехь гIардаьккхина профессор Шлус ХIенингс. Цо меттигерчу телевизионехь элира, шена цхьа а йовлакх тиллина бер гина дац ша теллинчу берийн бошмашкахь, аьлла. Цундела цунна Iедалан керла болам популистийн Iалашонаш йолуш бу аьлла хета. 


Берийн бошмашкахь йовлакхш лелош кегий бераш Австрехь далахь а, уьш вуно кIезиг ду. Цундела, леррина царна дуьхьал низам даккхар бусалба динна гонах гамоне хьал кхоллар санна лору Австрерчу Бусалба Динан Цхьаьнакхетаралла цIе йолчу муфтиятан хьесаперчу бусалба нехан коьртачу хьукмато а.


Цо зорбане даьккхинчу дIахьедарехь билгалдаьккхина ду, цхьамогIа низамашца ца догIуш Iедало тIеэца кечдина керла низам хилар. Масала, бераш кхетош-кхиорах долчу низамца. Я динан маршонех лаьцна долчу низамца. 


„Цхьанна а дагдогIур дацара кху махкахь жуьгтийн кипанаш ехка. Я бераш долчу чоьнаш чуьра пенаш тIехь йолу жаIарш дIаяха. Берийн чоьтах популистийн политика дIаяхьар маго йиш йолуш дац“, - иштта яздина бусалба нехан векалша шайн сайта тIехь. 


Дуьхьал бу цу кепарчу низамна Австрера католикийн килсера зударийн цхьаьнакхетараллин векалш а. „Австрин зударийн орденан“ президент йолчу мозгIаро Майрхофер Беатрикса лерина ша зорбане даьккхинчу дIахьедарехь элира цу кепара пачхьалкхан Iедал динан хаттаршна юкъагIертарна дуьхьал ю ша аьлла.


Берийн бошмашкахь а, ишколашкахь а хиджабаш ехкар къобал деш берш а бу тергамхошна юкъахь. ЦхьамогIа социологаша дIахьедарш дина кху деношкахь, Iедалан сацам нийса бу аьлла.


„ТIаьхьарчу шерашкахь алсамдолуш ду хиджабаш лелочу кегийчу берийн терахь. Цхьайолчу доларчу бусалба берийн бошмашкахь йовлакхаш техкинчу кегийчу берийн сурташца ур-атталла реклама а ю еш“, - элира цу хьокъехь Presse газетана ша еллачу интервьюхь социолого Хайниш Хайкос. Ткъа кхечу социолого Гюнгор Кенанс, ша а бусалба волчу, Iедалан сацам «харцахьачу наха бина болу нийса сацам бу», элира.


Цу юкъана, Iедало дийцаре диллина кегийчу берашна йовлакхаш лелорах низам аьхке ялале тIеэца мегаш ду парламенто. 

Читайте на сайте


Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media










Топ новостей на этот час

Rss.plus