Добавить новость
World News in Chechen
Ria.city


Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer
Апрель
2018

Новости за 07.04.2018

Radiomarsho.com 

СемаIашка - Нохчийчоьнан йоьрзур йоцу чов

Тахана Нохчийчохь хьахош дац 23 шо хьалха СемаIашкахь хилларг. Цул тIаьхьа дIаяьллачу заманахь, махкахь иттанашкахь эзарнаш адамаш дайира иштта хилла бух боцучу къизаллехь. Амма СемаIашкахь хиллачун шен башхалла ю. Соьлжа-ГIала хьалхарчу тIамехь, хала дIалаьцначу оьрсийн эскаро дIахаийтира цу чуьра нах арабевлча а, ярташкахь а кхерамазалла хир йоций а, тIом кхин а бехха лаьттар буй а, маьрша нах а шаьш бойур буй а.  Масех де хьалха СемаIашкара оцу бохаман де тIекхочуш видеоматериал а еш, нах бтстхуьлуйтуш... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

"Нохчийн Халк" гIаравалар лан ца делла Пятигорскерчу Терёшинга

Instagram-хь шен синтолан эксперименташца вевзаш волчу Пятигорскерчу Терёшин Кирилла ницкъ къовсаре кхайкхина 16 долу нохчийн латархо Тамаев Асхьаб. Иза вевзаш ву Нохчийчохь, уггаре а стомма лаг долу жима къонах санна. Интернетехь цунах олу «Халк». Халк (Hulk), хууш ма хиллара, ву видеоловзаран турпалхо. Шен видеошкахь Тамаевс гойту шен лаг 54 сантиметр хилар а, 48 сантиметр бицепсаш хилар а. Иза ша ву 180 сантиметр лекха а, 102 кила веза а. Instagram-хь, хIора денна аьлча санна, цуьнан цIе гIарайолуш хилар лан ца делла Терёхине. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

"Нохчийн Халк" гIаравалар лан ца делла Пятигорскерчу Терёшине

Instagram-хь шен синтолан эксперименташца вевзаш волчу Пятигорскерчу Терёшин Кирилла ницкъ къовсаре кхайкхина 16 долу нохчийн латархо Тамаев Асхьаб. Иза вевзаш ву Нохчийчохь, уггаре а стомма лаг долу жима къонах санна. Интернетехь цунах олу «Халк». Халк (Hulk), хууш ма хиллара, ву видеоловзаран турпалхо. Шен видеошкахь Тамаевс гойту шен лаг 54 сантиметр хилар а, 48 сантиметр бицепсаш хилар а. Иза ша ву 180 сантиметр лекха а, 102 кила веза а. Instagram-хь, хIора денна аьлча санна, цуьнан цIе гIарайолуш хилар лан ца делла Терёхине. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Нохчийчуьрчу бIаьвнийн бакъ йолу хан къастор ю говзанчаша

Нохчийчуьрчу бIаьвнийн а, кхин йолчу ширачу гIишлойн а бакъ йолу хан къастор ю говзанчаша. И сацам бина республикан Iилманан академин археологин талламан урхалло. Историн маьIна долчу еггиг а объекташна йийр ю радиоуглеродан анализ. И болх дIабахьа социалан машанашкахула ахчанца гIо дар дехна нохчиийн археологаша.

Radiomarsho.com 

Нальчикехь стаг верна лаьцна ницкъаллин структурийн ши белхахо

ГIебартойн-Балкхаройчохь ницкъаллин структурийн 2 белхало лаьцна, меттигера вахархо вийна хила мега аьлла, шеко йолуш. Цунах лаьцна хаам бина "Интерфаксо". Цу агенталлан хьастанаша дийцарехь, кхечу регионера цу республике болх бан ваийтина хилла ши стаг ву лаьцнарг. Меттигерчу вахархочунна урс диттина цу шимма. И бахьана долу и стаг велла. Хилларг дIаяздина терго ечу видеокамерша. "Регион Онлайн" сайто дийцарехь, конфликт хилла кху беттан 5-чохь. И стаг таксист ву моьттуш, шаьшшиъ хьешан цIенга дIавига, аьлла хилла цу шиммо. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Канадерчу некъахьовзамехь вийна 14 стаг

Некъахьовзам хилла Канадерчу Саскачеван провинцехь. "Би-би-си-но" бинчу хаамца, "Гумбольдт Бронкос" кегийрхой хоккейн тоба тIехь йолу автобус тIекхетта киралелон машенна. И бахьана долуш, вийна 14 стаг. Царах дукха берш къона хоккейхой бу. Болчу хаамца, кхин а 14 стаг госпитале дIакхачийна. Кхелхинчеран гергарчаьрга кадам бина Канадан премьер-министро Трюдо Джастина. Нипавин гIаларчу килсехь вовшахтоьхна ду кхелхинчу а, лазийначу а кегийрхойн доьзалшна гуманитаран гIо лахьор.

Radiomarsho.com 

Шемахь юхадолийна гIаттамхошна тIе бомбанаш еттар

Иттаннаш нах байина Шемарчу Дума цIе йолчу гIалахь шоьтан буса тIеман кеманаша бомбанаш а, ракеташ а йиттина. Цу гIалана тIеман тохарш дар юхадолийна, Оьрсийчоьно юкъарло а лелош, гIаттамхойн а, Шеман Iедалан векалийн а дийцарш кхиам боцуш дIадирзинчул тIаьхьа. Меттигерчу бахархоша дийцарехь, вийна 40 гергга маьрша вахархо. Тохарш деш ду Асад Башаран мутIахь долчу эскаран тIеман кеманаш, ткъа цхьаболчу хаамашца - Оьрсийчоьнан кеманаш. Хаамийн гIирсаша дийцарехь, Асадан эскарш тIедуьйладелла Димашк... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

"Дика нах дукха бу, уьш гуш бацахь а"

Бакъдерг хIораннан шен-шен делахь а, нийса некъ даима а цхьаъ бу. Ткъа бакъ-харц шена хуьлучу пайде хьаьжжина бен ца къестошберш бахьана долуш, тахана нохчашна юккъехь а ду хедда гергарлонаш а, ю кхоллаелла херонаш а. Харц некъ - атта некъ, нийса некъ -хала некъ, олура баккхийчара. Дуьненан рицкъанах буьзинчу харц новкъа бевллачарца гергарло лелон ца лаьа, шайна тахана хала делахь а, бакъболчу къонахийн амалца чекхбовла луучарна, мел шайна юккъехь тайпанан гергарлонаш делахь а. ТIаьхьарчу шина тIамо кхечу хорша дерзийна нехан дахарш а... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Нохчийн а, австрихойн а доттагIаллин тIеш

Хууш ма хиллара, тIаьхьарчу беттанашкахь алсамдаьлла нохчийн къомах мухIажарш меттигерчуIедало нуьцкъалха Оьрсийчу дIахьежор. И хIума, хетарехь, махкахь аьтто-консервативан популистийн партеш Iедале кхачарца доьзна ду. Амма юкъараллехь дукха бу керлачу Iедалийн мухIажаршца шога политика къобал ца еш болу нах. Царех цхьаъ ву вевзаш волу блоггер а, ресторатор а Ландау Даниэл. Баханчу Дечкен-баттахь ТикаевгIеран доьзална меттигерчу Iедало депортаци ечу хенахь цу доьзалан кхоллам шуьйрачу юкъараллина гIарбаьккхинарг вара иза. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Йовлакхаш лелор дехка мегаш ду Австрерчу берийн бошмашкахь

Австрерчу Iедало тIеэца кечдина берийн бошмашкахь а, школийн юьхьанцарчу классашкахь а зудабераша коьртахь йовлакхаш лелор доьхкуш долу низам. Жимачу хенахь берана шена ца хаьа шен хьекъалца ша тIехь а, коьртахь а лелочух лаьцна сацам бан. Царна йовлакхаш лелор доьзалшкахь тIедожош ду. Иштта бу и низам кечдинчу Австрерчу коьртачу шина партина хетарг.  Бакъду, карарчу хенахь цу партийн хьежамаш ца боькъу дуккха меттигерчу тергамхоша. Цара шаьш реза ца хилар хIинцале а дIахаийтина цу кепара низам тIеэцаран хьокъехь. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Соьлж-ГIалахь герзхоша дIавигна жима стаг лоьхуш бу гергарнаш

Вуьйцург ву Соьлж-ГIалара ницкъаллин структурийн белхахоша дIавигна Лорсанов Iусман. Иза хиллера 11 де хьалха Зазадоккху-бутт дIабоьрзуш. Цу хенахь дуьйна цу жимачу стагах хилларг хIун ду хууш дац, хаам бо "Кавказский узело". Лорсановн гергарнаш вуно саготта бу шайн кIант кхин цкъа а цIа ца верза мега аьлла, хIунда аьлча, цуьнан ваша Лорсанов Ислам вийна, иштта дIа а вигна, 2017-чу шарахь. Зорбанан гIирсаша яздина ма хиллара, Ленинан кIоштан полисхойн урхаллехь вийнера Лорсанов Ислам Дечкен-беттан 25-чу дийнахь. Читать дальше...





Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media










Топ новостей на этот час

Rss.plus