Добавить новость


World News in Chechen


Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer

Венехь хан кхайкхийна Дунайн хийистехь шарI хIотто гIоьртинчунна

Набахьтехь баккха 5 бутт хан тоьхна Австрехь хийистехь садоIучу зудчунний, цуьнца хиллачу боьршачу стаганий кхерамаш тийсинчу кавказхочуна. Венерчу кхеле озийна вара 24 шо долу Дагестанера орамаш долу жимстаг. Нохчийн къомах волуш санна политикан тховкIело ехна волу иза лаьцнера яханчу гуьйранна.


Шеца цхьаьна кхин а масех жимстаг а волуш цо осал мотт бийцинера даханчу яьхка хийистерчу хьуьнхахь садоIуш долчу австрихойн къоначу зудчунний, боьрша стагний. Хийрачу зудчунна тIехь шена ма-хетта духар дац аьлла реза ца хиллачу мухIажаро австрихочуьнга боьха мотт а буьйцуш, аьллера, цо шена тIе сихонца хIума ца йохахь, ша цу зудчунна маьттаза ницкъ бийр бу аьлла.


И къамел телефон тIе къайлаха дIаяздинера австрихочо. И бахьана долуш дукха хан ялале лецира Шамил цIе йолу 24 шо долу жимстаг а, цуьнца хилла 3 накъост а. Цкъа хьалха нохчийн къомах волуш санна вийцина хилла бехкевешверг Дагестанера хилар гучуделира пIераскан дийнахь Венехь дIаяхьанчу кхелехь. Цо хийрачу зудчунна а, цуьнца хиллачу боьрша стагна а кхерамаш тийсарна бехке а лерина, набахтехь баккха 5 бутт хан кхайкхира цунна кхело.


Амма цу тIехь дIа ца дирзина цу стеган гIуллакх. Австрерчу къайлахчу сервисашна гучудаьлла ма-хиллара, ши шо хьалха Берлинехь ярмаркехь тIе кир лелон машен а тоьхна нах байъина волу террорхо Амри Анис вевзаш хилла Дагестанерчу Шамилна. Иза цу хенахь Германехь Iаш хилла, цигахь а политикан тховкIело а ехна. Германехь масех зулам дарна лаьцна хилла дагестанхо хилар а гучудаьлла кхелехь.


Цундела цу жимчу стагана дуьхьал кхин цхьа а бехктакхаман гIулакх схьадилина, цуьнан террорхошца хIун зIенаш хилла бохург  таллархьама.

Читайте на сайте


Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media










Топ новостей на этот час

Rss.plus