Соьлж-ГIаларчу кафехь йоI, кIант лаца гIоьртина полисхой
Оцу инцидентан теш хиллаччо Маршо Радиога дийцарехь, кхин бахьана дацара и шиъ дIалаца гIортаран - йоI кIантаца кафе чохь хиина Iаш хилар бен.
Ала догIу, ГБР олучу полицин дакъа ду маларш духкучарна тIехь терго латториг. Иштта цхьа мур баьхьира Нохчийчохь кафешкахь, ресторанашкахь а цхьана болу кегий нах а, зудабераш а лоьхуш.