Росгвардино ха дийр бу регионашкара лаккхарчу дажашкарчу Iедалхошна
И низаман проект 2017-чу шарахь Думе кховдийнарг вара президент Путин Владимир. ТIе цо куьг таIийначул тIаьхьа ах шо даьлча болх бан долалур ду керла низам.
Цу низамехь буьйцуш болу "кхин болу нах" муьлуш бу хууш дац. Росгвардера ха лур долу даржой билгалдохур бу президенто.