Добавить новость
World News in Chechen


Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer

Тбилисин кхело Саакашвилина набахтехь яккха хан тоьхна

Шегарчу даржах пайда а оьцуш, зуламаш лелорна Тбилисин кхело набахтехь даккха кхо шо хан кхайкхийна Гуьржийчоьнан экс-президентна Саакашавили Михаилна. И дуьххьара сацам бу, политикна Гуьржийчу экстрадици ян бахьана лучех. Саакашвилин агIончаша кхелан сацам -политикан бух болуш бу аьлла.


Ши шо а дара Саакашвилин хьокъехь талламаш бен. Тбилисин цхьана банкехь болх беш хиллачу белхахочун Гиргвлиани Сандрон гонах яра и гIовгIа. 2006-чу шарахь Тбилисерчу цхьана бара чохь дов даьллачул тIаьхьа, полисхоша лаьцна, хьуьнха дIа а вигина, къиза йиттинера цунна.


Церан карара вада аьтто баьлла Гиргвлиани, хьуьнхахь тила а велла, цхьана ор чу а воьжна, веллера. Иза лоцуш полисхойн декъехь лаккхарчу даржашкахь хиллачу веанна набахтехь даккха масех шо хан туьйхира. Веллачун гергарчара а, доттагIаша а, оппозицин лидерша а чIагIдора, Гуьржийчоьнан чаьхьарчу гIуллакхийн министраллан урхаллера дина омра дара Гиргвлиани лацар, шайггара дина хIума дацара бохуш.


Талламан версица, ницкъаллийн оцу урхаллан а, шен уллерчу гонан а цIе ца йожорхьама, лаьцначу веа полисхочунна Саакашвилис хьехнера бехк тIелацар, ткъа ша кеста уьш маьршабохур бу аьлла, чIагIо а еш.


Кхо шо даьллачул тIаьхьа 170 тутмакхна гечдеш, омрана куьйгяздо Саакашвилис. Царлахь хилла Гиргвлиани Сандро лачкъийна вигинарш а.


Саакашвили Михаилна дуьхьал даьккхина кхи а масех бехкзуламан гIуллакх ду. Иза бекхево депутатна, бизнесхочунна Гелашвили Валерийна еттарна а, цхьана интервьюхь Саакашвилин хIусамнана саийсазъйинера цо.


Иштта бекхево пачхьалкхан ахчанаш даарна а, протестхой дIасалахкарна а.


Резинан хIоьънаш а детташ, демонстранташ лехкинера цуьнан омраца.

Читайте на сайте


Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media










Топ новостей на этот час

Rss.plus