Юха а iPhone 10 юкъа а юьллуш, конкурс кхайкхийна Кадыровс
Мехкан куьйгалхочо шен Инстаграмерчу пена тIехь бина цу къовсамах хаам: "Республикехь хаддаза дIакхоьхьу КъурIан дика хуург къастош, хадисаш девзарг билгалвоккхуш, къийсадаларш. "Вайнах-Телекоме" хьошалгIа ваханчохь суна совгIат дира iPhone 10 телефонца. Байт, я хьехам, я дийцар Мухьаммда Пайхамарх лаьцна яздинчунна и телефон совгIатна яла дагадеана суна", яздина Кадыровс.