Меттигерчу зорбан гIирсаша дийцарехь, вийнарг ву, хьалха а Норвегехь кхел йина хилла волу 30-шо долу Нохчийчохь вина Оьрсийчоьнан вахархо. Ослон низамашлардаран органаша ца хаийтина, тIелатардинарг мила ву, амма дIахьедина, "шайна и стаг вевзаш ву аьлла"
Саратовн кIоштарчу таIзар кхочушдаран федералан урхаллан (ФСИН) 18 белхахо балхара дIаваьккхина, кIоштарчу набахтехь тутмакхашна тIехь къизаллаш лелош гойту видеош зорбане яьхначул тIаьхьа. "Шога дисциплинин жоьпалла" тIедожийна 11-нна. ФСИН-н куьйгалхочун декхарш кхочушдечу Ефаркин Антона бина цунах лаьцна хаам, яздо "Интерфакс" агенталло. Набахтен дарбан цIийнехь а, кхечу колонешкахь а чохь бахкочарна тIехь ницкъбеш, уьш хьийзош дIаязйина видеош дуьххьара нахалаехира байначу баттахь, кхин дIа а материалаш зорбане йохуш ю. Читать дальше...
Дагестанерчу Кумторкалинскан кIоштан кхело хеттарш дина туьканарчу йохкархочуьнга, талламан версица, меттигерчу вахархочо Даитбеков Шемала гIаттамхошна аьлла, сурсаташ оьцуш хилла цуьнгара. Бехкевечунна дуьхьал тоьшаллаш ша дина дац аьлла кхелехь йохкархочо, ткъа талламхочо протоколехь яздина "доцург дийцина" аьлла, яздо Кавказ.Реалии портало. Даитбековн адвокато Асиялов Аталава бахарехь, талламхочо протоколехь цуьнан метта ша яздина хилла, Даитбеков шен туькана а оьхуш, сурсаташ оьцуш хилла, тIаьхьо гIаттамхошна дIакхачон Iалашонца аьлла. Читать дальше...
Маьждигехь къола дарна шеконаш кхоллаелла Кхарачой-Чергазийчоьнан вахархо лоцуш кхелхина полицин лейтенант Башкаев Ануар, шолгIачу полисхочунна герзан чевнаш йина, хаам бо ТАСС агенталло. Цо яздарехь, Карачаевскера араволучохь хилла и инцидент. 32 шо долу меттигера вахархо лаца гIоьртинера полицин белхахой, ткъа цу стага таллархочун "Сайга" тоьпаца дуьхьало йинера, иза дуьхьал герз тоьхан вийна полисхоша. Талламан версица, некъан йистехь хиллачу бехкехетачо мел кIеззиг а ялхозза топ тоьхнера шина полисхочунна. Читать дальше...
Наркотикаш латтош, дIасакхоьхьуш хилла аьлла шеко йолу Оьрсийчоьнан ийначу кепехь латархо Жамалдаев Салман лаьцна вуьту Москварчу Кунцевскан кIоштан кхело Дечкен-беттан 6-чу дийне каччалц. Йоьдучу кхелера бина и хаам ТАСС агенталло. "Талламан дехар кхочушдинчу кхело лаьцна вуьтур ву, Оьрсийчоьнан Зуламан кодексан ("Баккхийчу барамашкахь бакъо йоцуш наркотикаш латтор, эцар, дIасакхехьар") аьллачу 228-чу артиклаца шеконашка эцна Жамалдаев Салман",- аьлла кхелехь. Кхаа шарера итт шаре гергга хан... Читать дальше...
Бакъоларъяран Gulagu.net проект кхоьллинчу Осечкин Владимира ютьюб-каналехь кхин а керла видеотоьшаллаш зорбане даьхна, Саратоверчу набахтехь йолчу пехийн лзарийн дарбан цIийнехь чубоьхкинарш хьийзош гойту. Осечкина чIагIдарехь, божаршна тIехь ницкъбечу акташкахь дакъалаьцна официалехь дарбан хIусамехь болх беш хиллачу санитараша а, завхозаша а, ткъа царна тIехь кураци лелош хилла кIоштан таIзар кхочушдаран федералан урхалла (УФСИН) а, Оьрсийчоьнан ФСИН-н директоран цхьахволу гIовс а. Видеона бухахь бакъоларъярхочо охьаязйина церан цIераш. Читать дальше...