Туркойчохь лецна Нохчийчуьра бахархойн тоба нохчийн куьйгалхочун Кадыров Рамзанан омраца лелаш хилла, ткъа церан куьйгалла деш Пачхьалкхан Думан депутат Делимханов Адам а, бизнесмен Дукузов Казбек а хилла. Къоман талламхойн организацина тIетевжина баржийна и хаам туркойн зорбанаша. Шпионаж лелорна бехкебо лецнарш
Ростов-ГIаларчу номер 1 йолчу колонехь цхьахволчу тутмакхан дакъа карийна. Кавказ.Реалиига бина цунах лаьцна хаам, Ростовн кIоштахула йолчу тергамчийн комиссин куьйгалхочун гIовса Меркулова Татьянас. "Дуьхьал летта лараш яц цуьнан дегIа тIехь, хилларг къастор ду талламо. Материалаш комисси схьакхаьчна, оха кехаташ хIиттийна цунах лаьцна. Тхан информацица, суицид ю иза", - дIахьедина Меркуловас. Ростов-кIоштарчу таIзар кхочушдаран федералан урхалло (ФСИН) тIечIагIдина хилларг. "Колонин белхахошна карийнера тутмакхан дакъа... Читать дальше...
"Левада-центро" (Оьрсийчоьнан Iедалхоша арахьара агент лерина) бинчу талламца а догIуш, Оьрсийчоьнан бахархойх 4-чу декъана бен ца хаьа "Новая газетан" коьртачу редакторна Муратов Дмитрийна Нобелан машаран преми деллийла. 73 процент респонденташа аьлла, дуьххьара хезаш ду шайна цунах лаьцна. Муха дог-ойла гIаттайо шун оцу хаамо аьлла, деллачу хаттарна жоп луш, 26 проценто хазахетар гайтина, биэндацар хаийтина 64%. Муратов воцург а, кхин Оьрсийчуьра мила ваьлла Нобелан машаран премин лауреат хаьттича... Читать дальше...
Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташкарчу цамгарна тIехь контроль латторан а, профилактикан а Центраша (CDC) "уггар а лакхара" коронавирусан ун дала кхерам болчу пачхьалкхийн тептаре яьккхина Оьрсийчоь. CDC-н барамашца а догIуш, уггар а лакхара, 4-гIа, кхераман тIегIа кхачайо тIаьххьарчу 28 дийнахь 100 000 бахархошлахь 500 сов дархо билгалвалахь. "Голос Америки" хьосто бечу хаамца, америкхошна хьехна оцу тептарехь йолчу пачхьалкхашка ца лестар, нагахь санна, цига ваха цаторийла елахь, вакцина ян езар ю аьлла. Читать дальше...
Лоьрийн экспертизех чекхваккха психиатрин дарбан хIусаме валийначуьра байначу беттан 26-чохь ведда Алханов Мохьмад шинарин сарахь Астраханехь лаьцна. Информаци тIечIагIйина Оьрсийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан Астраханерчу урхалло, яздо ТАСС агенталло. КIира дара иза ницкъхоша лоьхуш волу. Чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан пресс-гIуллакххоша хаам барца, Астраханерчу Трусовскан кIоштарчу кафе чохь каравеана Алханов. Хьалхо зорбане дехира, хетарехь, Алханов Мохьмад ву бохуш, видеокамераша даьхна суьрташ. Читать дальше...