Къилбаседа Кавказерчу школашкахь ю уггаре боьха туалеташ Оьрсийчуьрчу дешаран хьукматех 200 гергга тоьлла "Туалеташ вон йолчу школашна - Domestos" конкурсехь. Иза кхайкхийнарг яра хIусамашна хими кечъен Domestos компани. Туалеташ ледара хиларна цIано ен химин яла кхачийна Краснодар-махкарчу, Дагестанерчу, Ростоврчу, Ставропол-махкарчу, Кхарачой-Чергазийчуьрчу, ГIалмакхойчуьрчу школашна. Конкурсан сайта тIехь дIаязло дешаран хьукматан векалш. Алсам баллаш баьхначийн туалеташ тойийр ю компанино, дезинфекци ен хими совгIат а еш. Читать дальше...
Eagle FC лигин президента Завуров Шемала хаам бина, ша къамел дина Нохчийчоьнан куьййгалхочуьнца Кадыров Рамзанца, цо иэйинчу кепехь латархочух, дуьненан экс-чемпионах Нурмагомедовх иза "UFC проект" ю аларца долчун хьокъехь, аьлла. И фраза яра нехан дискуссехь, ца тайнера дуккха а адамашна. "Охашимма Кадыровца юкъахь листина ситуаци, барт хилла кхоччуш. Кхин оцу хьокъехь къамелаш хир дац. Рамзан Ахматовича элира шена хетарг, цуьнан дешнашца ца хилла цхьа а гамо", - билгалдаьккхина "Спорт-Экспресс"... Читать дальше...
Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн халкъан авиацин федералан урхалло пIераскана пилоташна лерина хаам баржийна Беларусан стигалахь ларлуш хилар хьоьхуш. Вашинтоно юкъахбаьккхина шина пачхьалкхан стигалхула зIенаш латторах болу барт. КIайчу цIийно дIахьедина, ша бехк буьллу Стигалкъекъа-беттан 23-чохь Ryanair кема ницкъаша охьадоссорна, аьлла. И хаам баржийна "Американ Аз" радионо. Вашингтоно пIераскана дIахьедина, ша Беларусан экономиканна дуьхьал санкцеш кечъеш ю, аьлла. Джо Байденан администрацин пресс-векала Псаки Джена бахарехь... Читать дальше...
Таджикистанера схьаваьллачу пхеа вахархочунна тIехь кхел йина уьш тIеман талламийн штабна (ГРУ) хьалха, Москван центрна гергахь эккхийтар дан кечлуш хилла аьлла. 9-17 шераш кхайкхийна царна набахтехь даккха. Бехк тIеэцна цара шайна, амма цхьамма кхел йоьдучу хенахь мохь тоьхна, гIуллакх шайна тIекхоьллина ду, аьлла, яздо "Интерфаксо". Къевлинчу кепехь луьстуш дара дов, къайлаяьхьна материалаш. ЦIе цайовзийтинчу хьасташна тIе а тевжаш, "Коммерсантъ" газето хаам бира хьалхо, кхеле ийзийнарш Таджикистанера баьхкина гастарбайтераш бу... Читать дальше...