Оьрсийчу Францера дIахьажийначул тIаьхьа ницкъаша Нохчийчу дIавигина Гадаев Мохьмад вайна. Кавказ.Реалиига цуьнан цIийннанас хаийтина иза гергарчарна Охан-беттан 22-чохь дуьйна гина вац аьлла. Оцу дийнахь иза нанна гайтина, цуьнга вистхилийтина. Цул тIаьхьа дIавигина, кхечу изоляторе вуьгу аьлла. Нохчийчуьра полици реза ца хилла журналистийн хеттаршна жоьпаш дала, шаьш иза дезаденош дIадевлча дийр ду аьлла. Францехь лецира Гадаев Мохьмад Охан-беттан 8-чохь, иза полице вахча. ХIора денна лелаш вара иза цига... Читать дальше...
Дуьненаюкъарчу могашаллин организацино (WHO) коронавирусан пандеми лаьттачу муьрехь сихха тоха мегачу вакцинийн могIара язйина Америкерчу Moderna компанин вакцина. Иза пхоьалгIа препарат ю оцу хьумато магочех, кхоалгIа – Цхьаьнатоьхначу Штаташкарчу компанеша арахецна. Магочийн могIарахь яра хIинццалц Америкера Pfizer/BioNTech а, Jannsen а (Johnson & Johnson компанин дакъа), Британин-Швецин AstraZeneca а, цуьнан Индера вариант а. Шуьйрра яржо Цхьанакхеттачу Къаьмнийн Цхьанакхетаралло магочу вакцинашлахь яц я Китайн а... Читать дальше...
Сталин Иосифна бюст хIоттийна Дагестанские Огни гIалахь. Оцо боккха къовсамаш лелхийтина социалан машанашкахь. ХIоллам биллина Охан-беттан 29-чохь меттигерчу Оьрсийчоьнан Компартин декъо гIаларчу Сталинан майданарчу автобусан сойийлина гергахь. Бюст юьллуш яьккхина видео а гойтуш, политолога Курбанов Руслана яздина цунах лаьцна: "Иза репрессеш йинчу халкъийн дегнашна хьу яр ду ". БIеннашкахь комментареш йина бюст хIотторан хьокъехь социалан машанашкахь наха. Цхьаберш леткъа хIоллам билла къастийна меттиг йогIуш яцарна... Читать дальше...
Нохчийчоьнан куьйгалхочун официалерчу порталехь гучуяьлла 2020-чу шарахь Кадыров Рамзанан долара хьал довзуьйту деклараци. Оцу документо бахарехь, цуьнан хьал лурчахчул шозза сов дебна. Стохка Кадыровс даьккхина 381 миллион сом – лурчах даьккхинчу 147 миллионна дуьхьал, ткъа 2018-чу шарахь цо гулдинера 7,5 миллион сом. Терахьаша гайтарца, тIаьххьарчу шина шера чохь Кадыров Рамзана шен хьал дебийна 50-зза сов. Нохчийчоьнан куьйгалхочун долахь гойтуш ду 32 эзар квадрат метр долу шиъ лаьттан дакъа, 2344 квадрат-метр цIа. Читать дальше...