Курдо верна набахте хьажийна Нохчийчуьра виъ стаг; ГIалгIайчуьра схьаваьлла жимстаг Шема ваха дагахь хилла; Оьрсийчоьнца бертахь хилла Германин шпион лаьцна
Францерчу Лион гIалахь цхьана шарера ворхI шаре кхаччалц набахтехь яккхийта, хенаш тоьхна Нохчийчуьра схьаваьллачу веа вахархочунна. Уьш бехкебина, 2017-чу шарахь курдойх схьаваьлла 45 шо долу стаг верна. 2017-чу шеран Охан-беттан 1-чу дийнахь хилла ду Сен-При цIе йолчу коммунехь дуьйцу зулам, яздо францхойн зорбанаша. ХIиттийначу видеокамераша дIаяздина, Нохчийчуьрчу бахархошна а, Туркойчуьрчу шина курдона а юкъахь иккхина дов. Коьртах дечиг тоьхначул тIаьхьа веллера цхьа курдо. Кхеле хIиттийначара дийцинера... Читать дальше...
Адамийн бакъонашкахула а, демократихула а йолчу Женеван форуман цIарах майраллин преми делла Навальный Алексейна. Оппозиционеран штабийн куьйгалхочуьнга Волков Леониде даийтинчу кехата тIехь бина и хаам. Кху шеран Мангал-баттахь хир йолуш ю совгIат дIалуш хIоттийна церемони. Форум вовшатхухучеран кехат тIехь яздарца, Навальный "нийсонехьа, адамийн бакъонашкахьа къийсам латтон дуьне иракарахIоттош волу дела хаьржина ву". "Кеста маьршаваьккхинчу цо ша схьаоьцур ду совгIат, видеоинтервью а луш" аьлла, дегайовхо ю церан. Читать дальше...
Оьрсийчоьнца берта а вахна шпионалла лелош хилла аьлла, Германин вахархо бехкевина пачхьалкхан прокуратуро. Урхалло динчу дIахьедарехь бу и хаам. Бундестаган дозана тIехь тоькаца доьзначун шен-шен рожехь талламаш а беш, парламенто пайдаоьцучу гIишлойн сиз-кепашка хьажа таро йолчу компанехь болх беш хилла ву бехкевийриг. Германин Инарла прокуратуран хаамашца, Оьрсийчуьрчу къайлахчу сервисашка дIакхачош хилла лаьцначо къайленан информаци, шен лаамехь. Оьрсийн тIеман иччархойн урхаллехь (ГРУ) болх бечу... Читать дальше...
Марс планетина тIехь лаьтта зов довзийтина Американ NASA космосан агенталло, Perseverance аппаратан цхьана мирофоно дIаяздина долу. Иштта дека иза.
ТIаьххьарчу дийнахь-буса Къилбаседа Кавказехь коронавирус кхетта хилар тIечIагIдинчех велла 30 пациент, цомгуш хилла кхин 471 стаг. Оперативан штабан хаамца, Краснодар-махкахь COVID-19 цамгарх кхелхина 16 стаг, Ставропол-махкахь – ялх, Дагестанехь а, ГIалмакхойчохь а, Адыгейхь а, Къилбаседа ХIирийчохь а шишша велла. Пандеми йолаелчхьана Къилбаседа Кавказехь COVID-19 цамгарх велла 7 757 стаг. Ун кхетта нах уггаре дукха билгалбевлла Краснодаран махкахь – 142 стаг. Краснодаран мохк+ 142 (37... Читать дальше...
Герггарчу хьесапехь аьлча, Оьрсийчуьра хIора иттолгIа компани дIакъовла хьийза карарчу шарахь. Бизнес-омбудсменан Титов Борисан апарратан мониторинган зераш иштта ду, яздо РБК агенталло. Бинчу хаттамо гучудаьккхина, Оьрсийчуьра жима а , юккъера а бизнес яккхий проблемаш ловш ю, пандеми марсаяьллачу муьрехь а санна аьлла. Коьрта гIайгIа ю хьашто ледара хилар. 40 процент компанийн йохка-эцарш шозза гергга лахделла. Ткъа 60 процентан кхаанне охьабаьлла хуьлу пайда, 45 процент респондентийн алапаш дIахедийна. Читать дальше...
Нохчийчуьрчу къайлахчу сервисийн хаамца, листина дели ГIалгIайчуьра схьаваьллачу вахархочунна Хайхароев Ахьмадна дуьхьал даьккхина хилла бехкзуламан гIуллакх. "Интернетехь мила ву ца хуучу стага Iехийна хилла иза, цуьнан къамелаш Iаткъам бина Хайхароев реза хилла Шема дIавахана, даIишхойн могIаршкахь тIом бан", - аьлла, хаам бина ФСБ-н пресс-гIуллакххоша. ТIехьа-Мартанан кIоштан кхело бехке хилар тIе а чIагIдина, колонин шогачу хьелашкахь даккха ши шой, ялх буттий хан кхайкхийна Хайхароевна. Хьалхо хаам баьржира... Читать дальше...