Къаьркъа мелла каравеана стаг "хIаллаквийр" ву аьлла Висмурадовс; Бельгехь нохчашлахь талламаш бина; полицин белхахошна дуьхьлойинчарна гIуданаш совдаьхна Думан депутаташа
Новгородехь лачкъийна вигинчу нохчийн шина кIантана адвокаташ а, лоьраш а гергарнаш а тIебита аьлла, Оьрсийчоьнна тIедиллина Страсбургерчу адамийн бакъонийн кхело. Церан могашалла а, дахар а кхерамечу хьолехь хилар бакъдина кхелахоша.
"Марша догIийла Нохчийчу" цIе йолу, гейшна тIаьхьабовларх яьккхина кино "Оскар" совгIатан шорт-листа юкъаяхна. Американ кинематографин исбаьхьаллан а, Iилманан а Академино зорбане даьккхина номинантийн тептар. Франс Дэвидан документалан филм стохка аьхка Американ НВО телевизионан платформе яьллера, цул хьалха Цхьаьнатоьхначу Штатийн Sundance кинофестивалехь гайтира. Кинон коьрта турпалхой бу, Нохчийчуьра дIабаха хьийза ЛГБТ-юкъараллан декъашхой. Оьрсийчохь официалехь йовзийтира кино стохка ГIуран-беттан 16-чу дийнахь. Читать дальше...
В семье Митаевых (фамилия изменена) из Шали в эти дни праздник. Луиза и Казбек через 16 лет пребывания в разводе решили сойтись снова в единую семью, чтобы вместе растить детей, а уже и внуков. Луиза и Казбек знают друг друга с детства. Вместе ходили в школу, хотя учились в разных классах. После школы поженились. Было это в 1997 году, сразу после войны. Несмотря на послевоенную разруху, родители Казбека устроили красивую свадьбу. Своего жилья у молодоженов не было, и как обычно бывает, пришлось жить в родительском доме. Читать дальше...
ДIадахначу шарахь Къилба а, Къилбаседа Кавказан федералан гонашкахь а дикка лахделла доьзалш кхоллар, йоллу Оьрсийчохь а санна. Делахь а, къестарш алсамдевлла го Нохчийчохь а, ГIалгIайчохь а. Терахьашца аьлча, стохкалерачу II баттахь 770 эзар зуда ялийна меттиг бу, иштта 564 эзар доьзал боьхна, хааамбо Росстато. Краснодаран кIоштахь дукха доьзалш кхоьллина (33 эзар доьзал, 20I9-чу шарца дуьстича 79%), Ростовн кIоштахь (20 эзар, 78%), Дагестанехь (I4 эзар, 93%). Оцу юкъанна, Кавказан массо а регионашкахь... Читать дальше...
Оьрсийчохь йихкинчу террорхойн организацешна, шайлахь "Кавказан Имарат" а йолуш, ахча вовшахтухуш хиллачу гIоьналлин юкъараллан 28 белхахошлахь талламаш дIабаьхьна пачхьалкхехь, яздо Бельгин зорбанаша. Доккхачу декъана, талламаш бина Фландрин малхбузерчу декъехь. Дукха хьолахь "Кавказан Имаратан" агIончех хьакхаелла рейдаш. КIира хьалха листина цара и нах, амма талламаш бечу юкъанна, информаци Iораяьккхина ца хилла. Делахь а, лаьцна вигина стаг а вац. Хьалхо хааме даьккхира, Нохчийчохь тIемалойн тоба хIаллакъйина... Читать дальше...
Полицин белхахоша аьлларг цадинчунна тухучу гIуданийн барамаш лакхабохуш низаман проект тIеэцна пачхьалкхан Думано тIаьххьарчу ладегIаршкахь, яздо парламентан лахарчу палатан сайтехь. Эзар соьма тIера деа эзаре гергга гIуда кхачор ду тIейогIучу заманчохь низам ца лардинчунна, шолгIа а цуьнгара ледарло ялахь - 20 эзаре гIуртур бу гIуданан барам. Цул совнах, низаман проектца а догIуш, кхелахойн бакъо хир ю бахархошна 20 эзар соьмана гIуда тоха, ткъа юридикан статус йолуш волчунна 200 эзар сом гIуда тоха магор ду... Читать дальше...
ТIаьххьарчу 24 сахьтехь Къилбаседа Кавказехь коронавирусан уьнах велла 32 дархо, вирус гучуяьлла кхин а 804 стагаца. Оперативан штабан информацица, Краснодаран кIоштахь велла 17 стаг, Ставрополан махкахь - пхиъ, Дагестанехь а, Къилбаседа ХIирийчохь а кхоккха, ГIебарта-Балкхаройчохь а, ГIалмакхойчохь а шишша пациент кхелхина уьнах. Верриг а Къилбаседа Кавказехь эпидеми яьржичхьана велла COVID-19 вирусах 7 283 стаг. ТIаьххьарчу дийнахь-буса динчу зерашца, къаьсттина дукха бу цомгаш нах Ставрополан кIоштахь - 216 дархо. Читать дальше...
Къаьркъа мелла каравеана стаг "хIаллаквийр" ву аьлла, дIахьедина Нохчийчоьнан вице-премьеро Висмурадов Абузайда. Лацарал совнах, цунна гIуда а тухур ду, машен лело бакъо а схьайоккхур ю, кхин а тIе таIзарш а лелор ду аьлла цо. "Къаьркъа мелла стаг дIавахийта ца веза, иза чуволла веза, гIуда тоха деза, массо а хIума а тоха еза, цунна цхьа а пощада яц. ХIаллаквийр ву-кх вай къаьркъа мелларг, дополнительно вай еш йолу наказани а йийр ю, вай наказани муха йо, вайна ма хаьа", - элира Висмурадовс социалан машанашкахь яржийначу видео тIехь. Читать дальше...