Чиллан-беттан 13-чу дийнахь дуьйна йолах пайда оьцу машенаш йоццачу ханна лело ялар юкъадоккхуш ду Нохчийчохь.
Цу хьокъехь йолу церемони хир ю Соьлж-ГIалахь коьртачу маьждигана хьалха, хаам бо chechnyatoday.com сайто. Цу агенталло дийцарехь, цу сервисан цIе ю "Делимобиль".
Машен йоццачу ханна лело оьцуш лур долу ахча дагардийр ду хIора минот тидаме оьцуш.